Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Larissa

Как вырастить детей в вере? Молитвы и советы мамам

Я Аллах1 везан Дела,хьайн возаллин дуьхьа,хьайн сийлаллин дуьхьа,элчанан доьзал дуьхьа,элчанан Асхьабийн дуьхьа,я Аллах1 везан Дела,тхан фарзаш къобалделахь,тхан суннаташ къобалделахь,Мухьаммад умматан гечделахь,тхо Мухьаммад умматах делахь!!

Тхан дайшна а,наношна а гечделахь.

Я Аллах1, хьо бен деха воцуш, хьо бен дехча дала воцуш, хьан г1ийла лайш ду-кх тхо.Тхан 1асаллига ца хьожуш, тхан г1ийлаллига хьажалахь.Хьайний,хьайн элчанний гергахь,тхо декъал делахь.Тхан далар иманца делахь,садалар собарца хилийталахь.

Ламаз-мархий марзделахь,хьекъал,кхетам, доьналла а, ирс аьтто болуш, дахар лолахь.Юьхь1аьржонах,зенах-зуламах ларделахь.

Я раббий,я Аллах1,ца духу долу иман лолахь тхуна. Жоьжаг1атех ларделахь тхо,ялсаманан хьеший делахь тхо.Вовшийн дезар-дашар а лолахь тхуна.Кошан 1азапах ларделахь тхо.

Я раббий,я Аллах1, тхан дагахь дерг кхочушделахь!!

Дагчохь куралла елахь-куралла а, хьаг1-гамо елахь-иза а, тхан дег1ехь, коьртехь йолу вон ойланаш д1аяхий, хаза ц1ена бусулба ойла тасалахь.

Де дийне мел долу, иман ч1аг1делахь, къоран марзделахь, хьо реза воцчу новкъа т1ера, хьо реза волчу новкъа дахалахь, я раббий, я Аллах1!!

Г1ийлачу, мискачу нахана г1о дан ницкъ лолахь. Хьо везар, хьо хьехор дагчуьра д1а ма даккхалахь.!!

Оха мел лелош дерг, хьайн дуьхьа делахь, къобал делахь!!

Цомгуш болчу тхан бусулба йижаршна-вежаршна г1оле елахь, маршалла делахь!!

Хьарам рицкъанах ларделахь, хьаналчунна т1екхиаделахь.Хьо вицвеш вон-дика а ма лолахь!!

Суьртан т1айх дехьа а девлла, "Алхьамдулиллах1"бохучу,1аьржачу 1индаг1ехь хиллачу тобанах делахь тхо!!

Къематдийнахь хьо гур волчу тобанах делахь тхо!!

Тхан дайшна-наношна а гечделахь,тхо Фирдовс ялсаманехь цхьанатохалахь, я раббий, я Аллах1!!

*Хьайн безчаьрг д1ас дахьйит хар дез до1*

4

Комментарии

luiza.bisultanova1986

АминаМама четверых детей

Амин!

Ответить

zaira2020

ЗаираМама четверых детей

Амин йа Аллах1

Ответить

anxelm

.Мама четверых детей

Рас раскидывают, Мухаммад хил ца дез ?

Ответить

hanzaeva

Larissa

Дикам хир дара🌹

Ответить

Помогите! Не могу понять, что происходит с ребенком, очень нуждаюсь в совете.

Йа Аллах1, гуш долу а, доцу а ирча къинох лар де Ахь тхо. Тхан хазаршкахь а, тхан б1аьрсашкахь а, тхан ницкъашкахь а, тхан доьзалшкахь а беркат де Ахь тхуна. Дикнех ма да́хахь тхо, тхан къинош бахьан долуш. Ма лахкахь тхо, тхан г1алаташ бахьан долуш, йа Аллах1.

Долгие молитвы на арабском и русском языках: прошу о здоровье семьи и защите от зла

Аллах1умма Роббана áтина фиддунья хьасанатан Ва филь áхироти хьасанатан ва къина 1азабаннар. Хастам букх Хьуна, йа Аллах1, ахь мел динчу диканашна Хастам букх хьуна кхачо йоцуш. Йа Робби, йа Аллах1 Хьан Возалли, Сийлалли,Комаьршалли доьхь доьху ас хьоьга Сан къиношна геч дехьа, сан диканаш алсам дахахьа Хьо везарехь, Хьоьх кхерарехь,Хьуна 1амал ярехь сов йаккхахьа со Иман лохьа, иманца собар лохьа Тешнабехках, ямартлонах, юьхь1аьржонах, х1уьттаренан, гамонах, хьаг1ах, уьнах,зиэнах,зулмах, джинни х1ух, шайт1ан балех, даккхийчу лазарах лар дехьа йа Аллах1, со а, сан доьзал а, х1усамда, йижарий, вежарий, дехой,ненахой, марзахой, со езарш а,суна безарш а, массо муъмин нах а. Воьдучунна некъ дика бехьа 1аш волчуьна 1адика ехьа Цомгушчунна маршалла дехьа Малхбалехьара, малхбузехьа кхаччалц Хьо цхьаъ веш, хьан Элча бакъ веш хилла болчу,Хьайна доьхьал баьхкинчарна а, царна т1аьхьа т1е дог1ар долчу тхуна а геч дехьа. Йа Робб, вовший дезар лохьа, вовшех дашар лохьа,дог ойла ц1ан ехьа, ч1аг1 ехьа Хьан нийсачу новкъа т1ехь нисдехьа Нийса боцчу некъах д1а хер дехьа Йа ар-Раззакъ, рицкъ луш Верг, доьху Хьоьга Хьанал рицкъ даккхар атта дехьа, хьарамдолчух лардехьа Бусалба нахан пайдехь ехьа со. Хьо вицвеш дика а, вуо а ма лохьа Йа Аллах1. Йа Робб, ас доьху Хьоьга Сан 1есалле ца хьожуш, г1ийлалле хьажий Хьан г1ийла миска лай юкх со,хьан г1ийла буо дукх со, ас доьху Хьоьга Доьзалца а, сайна безачаьрца а ма зиехьа со. Сайн доьзали а, сайна безачеран а вуо ма гайтахьа суна йа Аллах1 Йа Робб Хьоьга кхойкхуш, до1анаш деш доьхуш болчу Хьан г1ийла лайшна, цара доьхург лохьа Доьзалхочуьнга са тессан болчу наношка кхаъ баккхахьа йа Робб Лазаро лаьцна болчу дархошна г1оле ехьа йа Робб Набахтехь болу сан бусалба йижарий, вежарий цу балех хьалха бахахь йа Робб Зуламхошна бекхам бехьа Церан дагчу кхерам тассахьа Хьо вуйла хаийтахьа Хьайн 1азаб доссадехьа царна т1е йа Робб Окх Рамадан езчу буьйсанашкахь хьайга кхойкхуш болчу Хьан лайша доьхург лохьа йа Робб Ницкъ болуш вукх хьо йа Аллах1 Къинхетаме ву кх хьо, йа Ар-Рохьман, йа Ар-Рохьийм Хьайн къинхетам боссабехьа тхуна т1е Суна деха ца хаарх, дала хууш вукх хьо Йа Робб Сан до1ийна жоп лохьа Хьайн къинхетамах ма дахахьа тхо. Иманехь са далар лохьа Эхарт декъал дехьа. Кхачо йоцуш хастам букх Хьуна Альхьамду-Лиллях1и Роббиль 1аламийн. Йа мукъоллибаль къулюби, саббит къольби 1аля диник. Х1ай дегнаш хуьйцуш верг Сан дог Хьайн дин т1ехь ч1аг1 дехьа. Ля илях1а илла анта Субхьанака инни кунту миназ-золимийн. Аллах1умма амин.