Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
про дом, детей, мечты🪴🏡💛
про дом, детей, мечты🪴🏡💛
Мама двоих (2 года, 3 года), ждёт третьего

Долгие молитвы на арабском и русском языках: прошу о здоровье семьи и защите от зла

Аллах1умма Роббана áтина фиддунья хьасанатан

Ва филь áхироти хьасанатан ва къина 1азабаннар.

Хастам букх Хьуна, йа Аллах1, ахь мел динчу диканашна

Хастам букх хьуна кхачо йоцуш.

Йа Робби, йа Аллах1

Хьан Возалли, Сийлалли,Комаьршалли доьхь доьху ас хьоьга

Сан къиношна геч дехьа, сан диканаш алсам дахахьа

Хьо везарехь, Хьоьх кхерарехь,Хьуна 1амал ярехь сов йаккхахьа со

Иман лохьа, иманца собар лохьа

Тешнабехках, ямартлонах, юьхь1аьржонах, х1уьттаренан, гамонах, хьаг1ах, уьнах,зиэнах,зулмах, джинни х1ух, шайт1ан балех, даккхийчу лазарах лар дехьа йа Аллах1, со а, сан доьзал а, х1усамда, йижарий, вежарий, дехой,ненахой, марзахой, со езарш а,суна безарш а, массо муъмин нах а.

Воьдучунна некъ дика бехьа

1аш волчуьна 1адика ехьа

Цомгушчунна маршалла дехьа

Малхбалехьара, малхбузехьа кхаччалц Хьо цхьаъ веш, хьан Элча бакъ веш хилла болчу,Хьайна доьхьал баьхкинчарна а, царна т1аьхьа т1е дог1ар долчу тхуна а геч дехьа.

Йа Робб, вовший дезар лохьа, вовшех дашар лохьа,дог ойла ц1ан ехьа, ч1аг1 ехьа

Хьан нийсачу новкъа т1ехь нисдехьа

Нийса боцчу некъах д1а хер дехьа

Йа ар-Раззакъ, рицкъ луш Верг, доьху Хьоьга

Хьанал рицкъ даккхар атта дехьа, хьарамдолчух лардехьа

Бусалба нахан пайдехь ехьа со.

Хьо вицвеш дика а, вуо а ма лохьа Йа Аллах1.

Йа Робб, ас доьху Хьоьга

Сан 1есалле ца хьожуш, г1ийлалле хьажий

Хьан г1ийла миска лай юкх со,хьан г1ийла буо дукх со, ас доьху Хьоьга

Доьзалца а, сайна безачаьрца а ма зиехьа со.

Сайн доьзали а, сайна безачеран а вуо ма гайтахьа суна йа Аллах1

Йа Робб

Хьоьга кхойкхуш, до1анаш деш доьхуш болчу Хьан г1ийла лайшна, цара доьхург лохьа

Доьзалхочуьнга са тессан болчу наношка кхаъ баккхахьа йа Робб

Лазаро лаьцна болчу дархошна г1оле ехьа йа Робб

Набахтехь болу сан бусалба йижарий, вежарий цу балех хьалха бахахь йа Робб

Зуламхошна бекхам бехьа

Церан дагчу кхерам тассахьа

Хьо вуйла хаийтахьа

Хьайн 1азаб доссадехьа царна т1е йа Робб

Окх Рамадан езчу буьйсанашкахь хьайга кхойкхуш болчу Хьан лайша доьхург лохьа йа Робб

Ницкъ болуш вукх хьо йа Аллах1

Къинхетаме ву кх хьо, йа Ар-Рохьман, йа Ар-Рохьийм

Хьайн къинхетам боссабехьа тхуна т1е

Суна деха ца хаарх, дала хууш вукх хьо Йа Робб

Сан до1ийна жоп лохьа

Хьайн къинхетамах ма дахахьа тхо.

Иманехь са далар лохьа

Эхарт декъал дехьа.

Кхачо йоцуш хастам букх Хьуна

Альхьамду-Лиллях1и Роббиль 1аламийн.

Йа мукъоллибаль къулюби, саббит къольби 1аля диник.

Х1ай дегнаш хуьйцуш верг

Сан дог Хьайн дин т1ехь ч1аг1 дехьа.

Ля илях1а илла анта

Субхьанака инни кунту миназ-золимийн.

Аллах1умма амин.

8

Комментарии

zayka_may

🌹

Мама двоих (2 года, 3 года)

lliman

.🌒.

Дагчохь мел дерг❤️‍🩹

madina__

madina__

Мама троих детей, ждёт четвёртого

Амин

madina__

madina__

Мама троих детей, ждёт четвёртого

Ма хаз до1 ду и

ashhappiness

🤍

Мама двоих (2 года, 4 года)

Амин 🥺❤️‍🩹

larik2412

Larik Ch

Мама троих детей

Амин❤️‍🩹

mallid

Так предначертано…

Мама двоих (3 года, 6 лет), ждёт третьего

Амин Йа Аллах1 ❤️‍🩹

bintalvi

про дом, детей, мечты🪴🏡💛

Мама двоих (2 года, 3 года), ждёт третьего

@khadija.ya, @nenadoelomne, @dovhadog, @sadueva.health , @iman.asl ❤️‍🩹

Йа Аллах’, окх дуьненахь, эхартахь ‘унал дехьа суна Йа Робб, беркате ехьа со, миччахь елахь а со Йа Аллах’, хьайна…

Йа Аллах’, окх дуьненахь, эхартахь ‘унал дехьа суна Йа Робб, беркате ехьа со, миччахь елахь а со Йа Аллах’, хьайна баркал олучарах ехьа со Йа Робб, со зийча собре чакх йолчарах ехьа со Йа Аллах, къа дича геч дар доьхучех ехьа со Йа Робб, Хьо веза ма веззар везар лохьа сун, хьоьх кхера ма еззар кхерар лохьа суна •Йа Робб, оберегай мою веру до самой встречи с Тобой •Йа Робб, построй мне дом в раю рядом с Тобой • Йа Аллах’, хьай дин т’ехь яхар, ялар лохьа суна! Йа Робб, са дахар, са д’а кхалхар хьо реза волуш дехьа! Йа Хьаййу Йа Кьоййум, хьа хазчу ц’ерашца доьху ас хьоьга, хьай къинхетам бай хьай фирдавс ох’ланах (из числа жителей Фирдавса) ехьа со а, сан бусулб йижарий а, вежарий а, Йа Аллах’, са лелар хаз дехьа, Йа Аллах са г’иллакхаш хаз дехьа, сан ‘амалаш ц’енна Хьай дуьхьа ехьа, Йа Робб, со лар локх хьоьца моттарна еш йолчу ‘амалах Йа Робб, окх динан пайдехь дехьа са дахар • и не забываем про дуа за притесненных мусульман ( Йа Аллах, бусулб нахан г’о дехьа, бусулб дин хьалайбадехьа, бусулб нах хьизоч тираншан Хьай лазме дол ‘азап дехьа дуьненахь а, эхартахь а.

Молитва на чеченском: Иа Аллах, дай верную жизнь и смерть! Прошу, сделай мою жизнь и уход угодными Тебе!

Йа Аллах, хьай дин т1ехь яхар, ялар лохьа суна! Йа Робб, са дахар, са д1а кхалхар хьо реза волуш дехьа! Йа Хьаййу Йа Кьоййум, хьа хазчу ц1ерашца доьху ас хьоьга, хьай къинхетам бай хьай фирдавс ох1лонах ехьа со а, сан доьзал а💔

Йа Робби,ма сагатло са цу син парг|атон🤍 Ма са карзах дола са са цун сагатло сина🤍🥺 Цигахь хилчунна хуар дукх и🥺 Йа…

Йа Робби,ма сагатло са цу син парг|атон🤍 Ма са карзах дола са са цун сагатло сина🤍🥺 Цигахь хилчунна хуар дукх и🥺 Йа Аллах|,доьха-кх ас хьоьга юхаъ цига кхача пурба ло ахь🤍🤲🏻