Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Malika
Malika
Мама четверых детей

Молитва о прощении и помощи к Аллаху

Йа Аллах1, Ахь делла ни1маташ д1а ма даха-хь тхоьгар, Ахь лачкъина тхан къинош, гучу ма даха-хь, йа Аллах1, геч а де-хьа тхуна, йа Рохьма́н.

Йа Аллах1, хаза хьулдарца хьул де-хьа тхо.

Х1ай массо х1уман т1ехь ницкъ кхочуш Верг, сан дерриге къинош геч де-хьа.

Йа Аллах1, сан къинош кхера во со Хьан 1азапах, делахь Хьоьх лаьц йолу сан хаза ойлано са туьйсуьйту соьга Хьан йоле.

Ахь сун 1азап лахь... мил ву Ахьчул нийсо еш..

Ахь суна геч дахь.... мил ву Хьоьлла а кьинхетаме..

Геч де Ахь суна, йа Робби, къинт1ера вала Хьо суна, къинхетам бе Ахь соьх, Хьай дикнаш т1е 1ена де-хьа суна, баккъалла а муьлхачу а Хьоьгара дикне хьашт ву-кх со даима.

2

Комментарии

alln

Алина

Амин йа Аллах1!

Отметок «Нравится»: 0
larik2412

Larik Ch

Амин йа Аллах1

Отметок «Нравится»: 0