Бераллехь вай дуьне мел доккха хетара, меллаша дIа йоьдуш хетара хан,
Дуьне къахьло аьлча цунах ца кхетара, мотта ца моьттура со лур ву къан.
Йовхонах хьоьгуш хан йогIу шелвелча, жималлий ше хенахь ца бо вай хам, марзо а дIайолу къаьхьа кад мелча, къанвелча дIаболу дуьненан чам...
Зама, къайлах хьан боларан ас тидам бора, хьан хIора амалан маьIна а гуш, дуьненан да ву ахь ца моттийтура, со ирсе цхьа а вуй те хеталуш.
Зама, ахь вадавой со цкъа мархашка хьора, дог Iехадолийти хоьцура чу, лаьтт...