Эли
noch.v.tihame
Эли·Мама троих детей

Размышления о религии: критика идолопоклонства

"Iеламстагера я мутаIелимера гIалат дера дац моттар, я дала цадеза аьлла хетар керистан кхетам бу, Ислам Динехь иштта кхетам бац!".

ХIара чIогIа ладаме=коьрта дош ду, хIунда аьлча цу тIехь кхетам телхина хилча, керистан кхетамах тера хилча=дешна стаг гIалат волуш цахуьла аьлла, вуно боккха бохам хуьла. Нахана цхьаъ везало цуьнан хьехамца, Iилманца, тIаккха цуьнах гIалат вала йиш йоцуш, шайн томехь доцург цуьнгара дала йиш йоцуш цхьа малайк до цара, шайн цу дешна стагаца кхолла йеллачу ойланца иза дIавоьхка цара, шайна ма хетта бен иза хир вац оли хета царна, ткъа важа муьлхха адам санна адам ду, нехан шеха кхолла йелла ойланаш цунна йевзаш а йац, я йевзаш хилча а нагахь ша хила ма веззара дешна стаг велахь цо нехан ойланах шен дуьрста а йийра йац!

мухха делахь а цуьнгара гIалат цадолуш цахуьла, я цо шеца хаза ойла йолучу нахана даима там берг олуш а цахуьла.

ТIаккха, цу кепара дерг нисделча, цуьнах иза волчул а дика, воккха, веза, сийлахьа стаг винарш, цуьнах малайк динарш уггаре хьалха цунна луьйш берш хуьла! иза ямартлонца, Iакъийдат талхарца бехке веш берш а хуьла!

ХIунда? дера хуьла церан шайн Iакъийдат нийса цахиларна, церан кхетам керистан кхетамах тера хилла дела! Iелам стаг я мутаIелам гIалат валар цамагор, иза хила цадеза аьлла хетар керистан кхетам бу.

Ала тарло "хIан-хIа, гIалат вала цамега цабоху оха, амма иштта гIалат муха дийра ду?!"

Муха иштта? Динехь цхьана агIора къобул дан йиш йоцу гIалат дуьйцу цара, я шайн ойланехь къобул дан йиш йоцург дуьйцу цара?

ВаллахIи дуьйцу шайн ойлано тIецадуьта гIалат, ткъа Дине дилча-м иза гIалат цахила а тарло. ХIара уггаре хаза дерг ду! Дине дилча иза гIалат цахила а тарло, амма цу нехан кхетамехь ду иза гечдан йиш йоцу гIалат!

Иштта нийса Iакъийдат цайовзарна наха шаьш дика до а моьттуш бохам бо, шаьш Дела доьхьа мостагIалла лела до а моьттуш гергарлонаш хеда до, шаьш нисделларш ду а моьттуш керистанах тера лела!.

ссылка

Комментариев ещё никто не написал.

Читайте также
imka_mg
imka_mg
imka_mg·Мама двоих (3 года, 5 лет)

Что означает фраза?

post image 1
post image 2

Шайн чоь йича, шаьш ца буьйш😩

Наб кхетталц уллехь 1е езш хуьл☹️😂

Сай чу д1а ях дог ца дохш наб кхет кхуз чохь😂

4
imka_mg По ходу вчера упал с кровати😀😂
markhaaa Спорткомплекс тоже с ВБ?
95.zaira тоже самое. Вообще не хотят спать в своей комнате. Старший с бабушкой хочет, средний со мной)
Читать все 26 комментариев →