Дуа за детей: сильная молитва матери о благословении и защите
Йа Аллахl хазачу цlерашца ас доьху Хьоьга, Ас кхойкху Хьоьга, Ахь сан бераш декъалдаре сатуьйсуш!
Йа Аллахl, церан дахаран хан яхъе Ахь, могшалла ло Ахь царна, Хьайн дин т1ехь чlагlде Ахь церан дегнаш.
Йа Аллахl, царех цомгуш волчунна могшалла ло Ахь, гlийланиг чlагlве Ахь.
Йа Аллахl церан дегl а, хазар а, бlаьрса а то де Ахь, церан сакхташ нис а дай, кхачаме бе Ахь уьш.
Йа Аллаһ , Хьайн къинхетамца цамгарех, къинойх, гlалатах а ларбе Ахь уьш, Хьайна муьтlахь бе Ахь уьш.
Йа Аллахl, шайн дег-нене ладогkийта Ахь цаьрга, дуьхьал а ца буьйлуьйтуш, къинош а ца летадойтуш.
Йа Аллахl гlо де Ахь суна, уьш ийманехь - исламехь кхиорехь.
Йа Аллахl, ас тешна буьту Хьуна, сайн доьзал. Ас доьху Хьоьга уьш массо а лазарех, гlиллакх дацарех цlанбар. Ас тешна буьту Хьуна уьш, Ахь массо вуонах уьш ларбийр бу аьлла, ас тешна буьту Хьуна уьш, Ахь нехан хьагlах, эмгараллах а, цабезамах а ларбийр бу аьлла.
Йа Роббии, ларбе Ахь сан доьзал массо а агlор.
Йа Аллахl, сан бераш сан йолу яхь хиларна, дозаллийна а бахьана хилийта Ахь. Хьуо Везашберш безийта Ахь царна..
Йа Аллахl, къинхетам бе Ахь сан доьзаллех кху дуьненахь а, эхартахь а, Хьо везарна, Хьоьца йолу юкъметтиг ларъярна тlедалор долу lилманца.
Сан Аллахl, даржехь лакхбаккха Ахь сан доьзал, кхиамаш хилийта Ахь церан, аьтто бе Ахь церан..
Йа Робби, декъалбе Ахь уьш, син цlеналла ло Ахь царна, сагlа даларехь сов бийла ницкъ а, къинхетаме хилар а, lилма а.
Йа Аллахl, юьхьlаржонах, нехан зуламех ларде Ахь сан бераш. Хазахетарш ло Ахь царна, со а ирсе йийр долу.
Декъалде Ахь церан хазар, бlаьрса, могшалла а, хьекъал ло Ахь царна, хаза гlиллакх а.
Йа Аллахl, сан доьзал Къемат дийнахь суна хаза тоьшалла дан хьакъ хилийта Ахь.
Аллохlумма Амин...🤲🏻🌴
sadiamw@gmail.com·Многодетная мама (5 детей)
Амин Амин Амин
·Ответить