
Девочки, Ассаламу 1алайкум
На Чеченском языке яздина дуа дац шуьгахь, деха долш, мол наш обычно докх цхьа хаз
Дех расписанный дезар сун 🥹
Шайха Усаймина доьзалех дина долу до1а, нохчийн маттахь.*
Йа Аллах1, Хьан хазачу ц1ерашца ас доьху Хьоьга. Ас кхойкху хьоьга ахь сан бераш декъалдаре сатуьйсуш!
Йа Аллах1, церан дахаран хан яхъе ахь, могшалла ло ахь царна, Хьайн дин т1ехь ч1аг1де ахь церан дегнаш.
Йа Аллах1, царех цомгуш волчунна могшалла ло ахь, г1ийланиг ч1аг1ве ахь.
Йа Аллах1 церан дег1 а, хазар а, б1аьрса а то де ахь, церан сакхташ нис а дай, кхачаме бе ахь уьш.
Сан Дела, Хьайн кьинхетамца цамгарех, къинойх, г1алатах а ларбе уьш, Хьайна муьт1ахь бе ахь уьш.
Йа Аллах1, шайн дег-нене ладог1ийта ахь цаьрга, дуьхьал а ца буьйлуьйтуш, къинош а ца летадойтуш.
Йа Аллах1 г1о де ахь суна уьш ийманехь - исламехь кхиорехь.
Йа Аллах1, ас тешна буьту Хьуна сайн доьзал. Ас доьху Хьоьга уьш массо а лазарех, г1иллакх дацарех ц1анбар. Ас тешна буьту Хьуна уьш, ахь массо вуонах уьш ларбийр бу аьлла, буьсанна даьржаш долу, ас тешна буьту Хьуна уьш, ахь нехан хьаг1ах, эмгараллах а, цабезамах а ларбийр бу аьлла.
Йа Роббии, ларбе ахь сан доьзал массо а аг1ор.
Йа Аллах1, сан бераш сан йолу яхь хиларна, дозаллийна а бахьана хилийта ахь. Хьуо везашберш безийта ахь царна..
йа Аллах1, къинхетам бе ахь сан доьзаллех кху дуьненахь а, эхартахь а, Хьо везарна, Хьоьца йолу юкъметтиг ларъярна т1едалор долу 1илманца.
Сан Аллах1, даржехь лакхбаккха ахь сан доьзал, кхиамаш хилийта ахь церан, аьтто бе ахь церан..
Йа робби, декъалбе ахь уьш, син ц1еналла ло ахь царна, саг1а даларехь сов бийла ницкъ а, къинхетаме хилар а, 1илма а.
Йа Аллах1, юьхь1аржонах, нехан зуламех ларде ахь сан бераш. Хазахетарш ло ахь царна, со а ирсе йийр долу.
Декъалде ахь церан хазар, б1аьрса, могшалла а, хьекъал ло ахь царна, хаза г1иллакх а.
Йа Аллах1, сан доьзал Къемат дийнахь суна хаза тоьшалла дан хьакъ хилийта ахь.
хаза доIа..
ЦIен вукх хьо хьайц там боцучу хIумнех, Ахь тхо сийлахь мел до тхо сийсаз хир дацакх, ЦIен вукх хьо там боцучу хIумнех, Ахь тхун ларам мел бо тхо сийсаз хир дацакх, Ахь тхо нийс мел до тхо тиллур дацакх, тхо хьерий хир дацакх Ахь тхо нийс мел до, ЦIен вукх хьо там боцучу хIумнех, тхо эшор дацакх Хьо тхун толам луш мел ву. хIай тхан Дел, хIай тхан Дел, хIоразза а тхан дахар дах мел ло къинош дукх локх тхан. хIай тхан Дел, хIай тхан Дел, хIоразза а тхан дахар дах мел ло къинош дукх локх тхан, ва тхан дакъазал, ва тхан дакъазал, тхуна тхай Делах аьхь хет дезаш йол хан тIецайеан теш, тхан дегнаш чохь Ислам дин а диллин, тхо Шег дерзинарг вац кхи хьо, Хьан дикаллийца тхо Хьайн герга дигнарг вац кхи хьо, бIаьрг цIоцIам моссуз тоха Хьан дикалло хьуллош дац кхи тхо, оццал долу Хьан ниIматаш оха Iес хиларц а, тхан дегI лаъмашца а тIемалецир, Ахь тхун делларг а, Хьан ниIмат а дицдина, хьоьца йина йолу чIагIонаш йохиракх оха, нуьцIкъаллин да волу хьуна доьхьал доьвлакх тхо, оха къинош летош хенахь тхо гуш а, тхоьга хьожуш волу Хьоьх аьхь хета хан тIецайеан теш тхун. Цlен вукх хьо хьайц там боцучу хIумнех, оццал тхо ген доьвланшехь оха тоба дича тхоьгара тоб къобал а дой, тхуна реза хуьлакх Хьо. ЦIен вукх хьо там боцучу хIумнех, хIай тхан Дела Хьо волче даьхкнакх тхо, Хьун хьалхха дукх тхо, ХIай уггаре а чIогIа къинхетаме верга Хьуна хьалха дукх тхо, ХIай лераме верга Хьан наьIан хьалха хитнакх тхо, миска а долуш, сийсаз а долуш, къе а долуш, гIийла а долуш, тхан баккъаш даз деллакх дукх къинош сов довларца, тхан бIаьргаш доьлхакх хал хетарна, тхан кортош таьIан дукх дукх сийсаз хиларна, Хьан наьIан хьалха даьхкнакх тхо хIай Къинхетаме Верг, гIийл а, миск а долаш Хьан наьIан хьалха хитнакх тхо хIай Къинхетам беш верг, тхун массарн а геч де ахь хIокху буьйсан чохь.
Йа Аллахl хазачу цlерашца ас доьху Хьоьга, Ас кхойкху Хьоьга, Ахь сан бераш декъалдаре сатуьйсуш!
Йа Аллахl, церан дахаран хан яхъе Ахь, могшалла ло Ахь царна, Хьайн дин т1ехь чlагlде Ахь церан дегнаш.
Йа Аллахl, царех цомгуш волчунна могшалла ло Ахь, гlийланиг чlагlве Ахь.
Йа Аллахl церан дегl а, хазар а, бlаьрса а то де Ахь, церан сакхташ нис а дай, кхачаме бе Ахь уьш.
Йа Аллаһ , Хьайн къинхетамца цамгарех, къинойх, гlалатах а ларбе Ахь уьш, Хьайна муьтlахь бе Ахь уьш.
Йа Аллахl, шайн дег-нене ладогkийта Ахь цаьрга, дуьхьал а ца буьйлуьйтуш, къинош а ца летадойтуш.
Йа Аллахl гlо де Ахь суна, уьш ийманехь - исламехь кхиорехь.
Йа Аллахl, ас тешна буьту Хьуна, сайн доьзал. Ас доьху Хьоьга уьш массо а лазарех, гlиллакх дацарех цlанбар. Ас тешна буьту Хьуна уьш, Ахь массо вуонах уьш ларбийр бу аьлла, ас тешна буьту Хьуна уьш, Ахь нехан хьагlах, эмгараллах а, цабезамах а ларбийр бу аьлла.
Йа Роббии, ларбе Ахь сан доьзал массо а агlор.
Йа Аллахl, сан бераш сан йолу яхь хиларна, дозаллийна а бахьана хилийта Ахь. Хьуо Везашберш безийта Ахь царна..
Йа Аллахl, къинхетам бе Ахь сан доьзаллех кху дуьненахь а, эхартахь а, Хьо везарна, Хьоьца йолу юкъметтиг ларъярна тlедалор долу lилманца.
Сан Аллахl, даржехь лакхбаккха Ахь сан доьзал, кхиамаш хилийта Ахь церан, аьтто бе Ахь церан..
Йа Робби, декъалбе Ахь уьш, син цlеналла ло Ахь царна, сагlа даларехь сов бийла ницкъ а, къинхетаме хилар а, lилма а.
Йа Аллахl, юьхьlаржонах, нехан зуламех ларде Ахь сан бераш. Хазахетарш ло Ахь царна, со а ирсе йийр долу.
Декъалде Ахь церан хазар, бlаьрса, могшалла а, хьекъал ло Ахь царна, хаза гlиллакх а.
Йа Аллахl, сан доьзал Къемат дийнахь суна хаза тоьшалла дан хьакъ хилийта Ахь.
Аллохlумма Амин...🤲🏻🌴
ХӀай сан Къинхетаме Доладархо, хӀай муъма нахаца къинхетам беш верг, чӀогӀачу мувахӀидех дика тӀаьхье ло Ахьа суна, сан кӀентий а, йоӀарий а Хьайн дукхабеза лайш бе Ахь, бусалба дин лакхадоккхур долуш
Йа Хьаййу, йа Къоййум, сан тӀаьхьенах Хьайн эскар де Ахьа хӀара дин лакхадаккхарна, хӀокху умматан къонахий бе Ахь уьш. ХӀай сан Къинхетаме Дела, Хьайн новкъахь кхалхар ло Ахь царна, шахlидаш бе Ахь царах, Ялсаманехь цӀа догlа Ахь царна, АллохӀумма амин
До1а.
Аллах1умма Роббана атина фиддунья хьасанатан
Ва филь ахироти хьасанатан ва къина 1азабаннар.
Хастам букх Хьуна, йа Аллах1, ахь мел динчу диканашна
Хастам букх хьуна кхачо йоцуш.
Йа Робби, йа Аллах1
Хьан Возалли, Сийлалли,Комаьршалли доьхь доьху ас хьоьга
Сан къиношна геч дехьа, сан диканаш алсам дахахьа
Хьо везарехь, Хьоьх кхерарехь,Хьуна 1амал ярехь сов йаккхахьа со
Иман лохьа, иманца собар лохьа
Тешнабехках, ямартлонах, юьхь1аьржонах, х1уьттаренан, гамонах, хьаг1ах, уьнах,зиэнах,зулмах, джинни х1ух, шайт1ан балех, даккхийчу лазарах лар дехьа йа Аллах1, со а, сан доьзал а, х1усамда, йижарий, вежарий, дехой,ненахой, марзахой, со езарш а,суна безарш а, массо муъмин нах а.
Воьдучунна некъ дика бехьа
1аш волчуьна 1адика ехьа
Цомгушчунна маршалла дехьа
Малхбалехьара, малхбузехьа кхаччалц Хьо цхьаъ веш, хьан Элча бакъ веш хилла болчу,Хьайна доьхьал баьхкинчарна а, царна т1аьхьа т1е дог1ар долчу тхуна а геч дехьа.
Йа Робб, вовший дезар лохьа, вовшех дашар лохьа,дог ойла ц1ан ехьа, ч1аг1 ехьа
Хьан нийсачу новкъа т1ехь нисдехьа
Нийса боцчу некъах д1а хер дехьа
Йа ар-Раззакъ, рицкъ луш Верг, доьху Хьоьга
Хьанал рицкъ даккхар атта дехьа, хьарамдолчух лардехьа
Бусалба нахан пайдехь ехьа со.
Хьо вицвеш дика а, вуо а ма лохьа Йа Аллах1.
Йа Робб, ас доьху Хьоьга
Сан 1есалле ца хьожуш, г1ийлалле хьажий
Хьан г1ийла миска лай юкх со,хьан г1ийла буо дукх со, ас доьху Хьоьга
Доьзалца а, сайна безачаьрца а ма зиехьа со.
Сайн доьзали а, сайна безачеран а вуо ма гайтахьа суна йа Аллах1
Йа Робб
Хьоьга кхойкхуш, до1анаш деш доьхуш болчу Хьан г1ийла лайшна, цара доьхург лохьа
Доьзалхочуьнга са тессан болчу наношка кхаъ баккхахьа йа Робб
Лазаро лаьцна болчу дархошна г1оле ехьа йа Робб
Набахтехь болу сан бусалба йижарий, вежарий цу балех хьалха бахахь йа Робб
Зуламхошна бекхам бехьа
Церан дагчу кхерам тассахьа
Хьо вуйла хаийтахьа
Хьайн 1азаб доссадехьа царна т1е йа Робб
Окх Рамадан езчу буьйсанашкахь хьайга кхойкхуш болчу Хьан лайша доьхург лохьа йа Робб
Ницкъ болуш вукх хьо йа Аллах1
Къинхетаме ву кх хьо, йа Ар-Рохьман, йа Ар-Рохьийм
Хьайн къинхетам боссабехьа тхуна т1е
Суна деха ца хаарх, дала хууш вукх хьо Йа Робб
Сан до1ийна жоп лохьа
Хьайн къинхетамах ма дахахьа тхо.
Иманехь са далар лохьа
Эхарт декъал дехьа.
Кхачо йоцуш хастам букх Хьуна
Альхьамду-Лиллях1и Роббиль 1аламийн.
Йа мукъоллибаль къулюби, саббит къольби 1аля диник.
Х1ай дегнаш хуьйцуш верг
Сан дог Хьайн дин т1ехь ч1аг1 дехьа.
Ля илях1а илла анта
Субхьанака инни кунту миназ-золимийн.
Аллах1умма амийн.
йа Аллахl нийс некъ гайтахьа суна, нийса некъ тlе нис ехьа со .
йа Аллахl дика белхаш байтахьа соьга, дика lибадаташ дайтахьа соьга , вуо белхаш lад дийтахьа соьга, вуочу белханашшехь гена яккхахьа со, миска нах безар ло Ахь сун, гlийла нах безара ло Ахь сун, гаьч де Ахь сун йа Аллаxl къинхетам бехьа соьх(
йа Аллахl ас доьху Хьоьга Хьо везар, Хьо везаш верг везар, Хьо везарна со герга юьгар йолу Iамал а езар».
йа Робб, ма хуьлийла сан дагчохь кхин сингаттам а, кхин гlайгlа а.
Хьо ган лааро, Хьо реза ван лааро бен ма лозийтийла сан дог а
يَا مُقَلِّبَ القُلُوبِ ثَبِّتْ قَلْبِي عَلَى
«Тхан Дела! Гечде Ахь суна а, сан дена-нанна а, муъманашна а хьесап хIуттучу дийнахь!».
«РоббанагIфирли́ ва ливáлидаййа ва лилмуъмини́на йавма йакъýмул-хьисáб».
йа Аллахl, хlар са мотт гlийбатах лар бе ахь, кху са багхул хьо реза волу дош бе ма далийта йа Робб
йа Аллахl сан дагчохь хьо воцарг цхьаа ма хилийт Ахь!.
йа Аллахl, даиман хьо хьехавечарех йе Ахь со, даиман хьо дагахь волчарех йе Ахь со.
йа Робби, йа Аллахl
Хlар дог даиман хьуна сагатдеш доьлхучарех де ахь са.
Хьо цкъа а виц ца лучарех йе Ахь со.
йа Робби, йа Аллахl
Хьо веза ма веззара везачарех йе ахь со.
Хьайх кхера ма еззара кхоьручарех йе ахь со.
Хьайна тleтевжачарех йе ахь со, йа Робби, йа Аллахl.
йа Аллахl, и иблис цкъаа диц ма далийт Ахь сун, цун агlор даимна сем йе ахь со.
йа Аллахl, цуьн сун тlехь ницкъ ма ло Ахь, цуьн са дагчу кхоч некъ дlакъовла Ахь.
йа Аллахl ,нийса кхетам таса Ахь сан дагчу, сан син вонах лар а е ахь со.
йа Аллахl, Хьа ойла йечур ма йакх ахь со. йа Аллахl, хьо воцуш йовр юкх со, сан дахар доьхна хир дукх Ахь со lад йитахь.
йа Робби, йа Аллахl..
Хьо везар массо а хlyманал хьалхара де Ахь сан
Хlай дегнаш хуьйцуш верг, сан дог хьай дин тIехь чlагl де ахь.
@safinana, @varinana, не буду 🫶🏼