
К1адъйелла хир йу-кха со..
Г1енашлахь дайна ирс леха,
Нахашлахь йеларца лела,
«Йезахьа» бохуш, хьоь деха
К1адъйелла хир йу-кха со.
«Хьо х1инца сел тийна х1унда?
Хьан дагах хилла ша-т1улга,
Йелалуо, йекхалуо суна,
Х1ун хилла, дийцахьа, хьуна?»
Бахарх ахь, к1адъйелла со.
Хьоьгара сайн тешам беха,
Цкъа мацах хилла ирс деха,
Вовшашка марзонца хьежа
Сатийса к1адъйелла со…
К1адъйелла, к1адъйелла со.
2025
Гериева Жайна 🌺
#санбайташ
Ваааааув Жайн😍