Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
umm_abdurrohman

Стихи о матери на чеченском языке: душевные строки о любви к маме

Заманан сихделла болар, ца кхуьу хьох 1аба со,

Йоьдучу хенаца хаьа: мел чlогlа оьшуш йу хьо.

Ахь соьца гlайгlа а йоькъу, еларца дог хьоьсту сан,

Нана, хьо къинтlера йала, хьо 1овжош йинехь ас вас.

Халонаш ахь дукха лайна, ца лоьруш могшалла хьайн,

Берзинчу когийн лар йойъуш шийлачу, дарц долчу 1ай.

Хlетте а тхан дуьхьа йаьгна, «буо» аьлла ца тилла цlе,

Нана, хьо къинтlера йала, кхоьлина дарна хьан де.

Ахь суна ирсан некъ хьоьхуш, куьг лаьцна лелийра со,

Ткъа тахна хьан куьг дlахецна, ма майра ас некъаш до.

Хьо уллехь хиларан йовхо сан сина цхьа дарба ду,

Сих-сиха аса ца дийцарх, хаалахь, хьо хьоме йу.

2023

Гериева Жайна

#санбайташ

5

Комментарии

ayshat.israilova.00

Aysha777Мама сына-младенца

Очень красиво пишите, сестра❤️‍🩹Аллах1а аьтто бойла хьан🌷🌷

Ответить

ummabdurrohman

umm_abdurrohman

Аллах1 реза хуьлда!❤️❤️

Ответить

amina78

MilanaМама сына (1 год), беременна (36 нед.)

Ма докх хум дукх и нан бохаг😔ялар са и Ц1а доггах мар йола

Ответить

ummabdurrohman

umm_abdurrohman

Валлах1и ду-кх ❤️‍🩹 Аллах1а собар лойла хьуна

Ответить

amina78

MilanaМама сына (1 год), беременна (36 нед.)

@ummabdurrohman, Амин

Аллах1 рез хуьл

Ответить

Кому посвящен мой первый пост?

Ас Саламу 1алайкум. Свой первый пост хочу посвятить красивой,веселой,милой,неотразимой,яркой женщине...Хьо ца юьйца ас, Х1у до ахь ?)) Пост посвящён мне )))

Что значит 'ахь и хум дахь'?

Девочки, если муж сказал, "ахь и хум дахь, хьо йитан ю" и цо аьлчул т1аьхь и хум дич, йитан хуьли? Объясню что именно) Ватсап веб йинер, и гуч яьлч аьллер цо и "Ахь кхи и яхь хьо йитан юн аьл" Хинц ас и юх йич, со йитан хуьли?

Как прошла встреча с мамой после долгой разлуки?

Пост на чеченском. Ваааа дела. Тха мар нан д1айаьл цхьа ах шо ду. Сой берах йуй хаита аьхь хеташ 1аш йар со... Кхо кхин йу тхо, тахан со йолча встретились. Ас бах со берах йу ишт хьал хилч ала аьхь хеташ аш йар со аьл. Жимах йолчо ша ма йу бах, старшая смотрит на нас обеих и говорит ваа шааа ма ю. Валла хаац и тха мар нана д1а йаллалц 1аш хилла тхо. Ма аьхь дукх из..... Сахо докхш кхуьэ гайнаш дин мух хир йу, благо са гайм докха ца хилар шуьра хум йоьхч бахч къастлур дацар... Вукхшиннаг ма хул ч1оха докх.... Оха ху лелор ду те