Стихи о матери на чеченском языке: душевные строки о любви к маме

post image

Заманан сихделла болар, ца кхуьу хьох 1аба со,

Йоьдучу хенаца хаьа: мел чlогlа оьшуш йу хьо.

Ахь соьца гlайгlа а йоькъу, еларца дог хьоьсту сан,

Нана, хьо къинтlера йала, хьо 1овжош йинехь ас вас.

Халонаш ахь дукха лайна, ца лоьруш могшалла хьайн,

Берзинчу когийн лар йойъуш шийлачу, дарц долчу 1ай.

Хlетте а тхан дуьхьа йаьгна, «буо» аьлла ца тилла цlе,

Нана, хьо къинтlера йала, кхоьлина дарна хьан де.

Ахь суна ирсан некъ хьоьхуш, куьг лаьцна лелийра со,

Ткъа тахна хьан куьг дlахецна, ма майра ас некъаш до.

Хьо уллехь хиларан йовхо сан сина цхьа дарба ду,

Сих-сиха аса ца дийцарх, хаалахь, хьо хьоме йу.

2023

Гериева Жайна

#санбайташ

31

Комментарии

Aysha777·Мама сына-младенца

Очень красиво пишите, сестра❤️‍🩹Аллах1а аьтто бойла хьан🌷🌷

Нравится Ответить

Аллах1 реза хуьлда!❤️❤️

Нравится Ответить
Milana·Мама сына (1 год)

Ма докх хум дукх и нан бохаг😔ялар са и Ц1а доггах мар йола

Нравится Ответить

Валлах1и ду-кх ❤️‍🩹 Аллах1а собар лойла хьуна

Нравится Ответить
Milana·Мама сына (1 год)

@ummabdurrohman, Амин

Аллах1 рез хуьл

Нравится Ответить