📣❗Хьекъал долчу адамо цхьа минот а эрна йогIуьтийла дац хIокху буьйсанашкахь. ХIунда аьлча:
🌙Лайлатул-къадр буьйсина йина Iамал,кхечу ханчохь йиначу Iамалелла йолехь сов йолуш ю:
1 секунд - 23 сахьтел;
1 минот - 58 дийнал;
1 сахьт - 9 шо 8 баттал;
🌴🕌Амма и лайлатул-къадр ерриг буьйса Iибадат деш ден йиначунна, шена чохь лайлатул-къадр буьйса йоцучу 83 шарахь 4 баттахь йиначу Iамалелла сов ял хуьлуш ю.
✍🏻Масала: Лайлатул-къадр буьйсина цхьа сом сагIийна делча, 83 шарахь 4 баттахь хIора дийнахь цхьац сом сагIийна делчулла а сов ял хуьлуш ю. Сов мелла ло а, ял сов йолуш ду.
🌾Цхьа минот а эрна ма ягIийта. Суннат ламазаш де, Къуръан деша, сагIа ло, АллахI хьехаве, АллахIе гечдар деха, междигехь иIтикаф де, диканиг даржа де, иштта, муьлха а АллахIана герга вуьгучу хIуманехь сов довла.
❗Эрна къамелаш дарца, АллахI хьехаварах шайн меттанаш дIамахьовзаде.
🔥Инстаграм чохь а, ютуб чохь а, иштта, кхи йолчу сотсеташ чохь а эрна хан ма яйъа.
✅
Ассаламу 1алайкум если у меня сегодня начались эти дни) ламаз доцаг къоран доцаг йисан 1амалш йан меги?