
Летта дов дацара,
Герзан чов яцара –
Хазийнарг дош дара.
Лазийнарг дог дара...
Дуьхьал ца олуьйтуш,
Вадарх ца волуьйтуш,
Синметта кхийтира –
Кийрахь ов 1ийдира.
Ца тайнарг къахьделла,
Мархашца лахъелла,
Стигланаш йилхира,
Латтанаш лилхира...
Т1ебоьжнарг лам бара,
Байинарг чам бара,
Хазийнарг дош дара,
Лазийнарг дог дара...



Ма шаа Аллах1 Нохчийн Мотт❤️❤️❤️🥹😭😭😭