marha___
marha___
marha___·Мама дочки (7 лет)

Дуа на Рамадан: молитва о защите семьи и всех мусульман

Сохранить де хар хаза до1а

Мархийн баттахь оьшар ду шуна🌷

Аллах1умма Роббана áтина фиддунья хьасанатан

Ва филь áхироти хьасанатан ва къина 1азабаннар.

Хастам букх Хьуна, йа Аллах1, ахь мел динчу диканашна

Хастам букх хьуна кхачо йоцуш.

Йа Робби, йа Аллах1

Хьан Возалли, Сийлалли,Комаьршалли доьхь доьху ас хьоьга

Сан къиношна геч дехьа, сан диканаш алсам дахахьа

Хьо везарехь, Хьоьх кхерарехь,Хьуна 1амал ярехь сов йаккхахьа со

Иман лохьа, иманца собар лохьа

Тешнабехках, ямартлонах, юьхь1аьржонах, х1уьттаренан, гамонах, хьаг1ах, уьнах,зиэнах,зулмах, джинни х1ух, шайт1ан балех, даккхийчу лазарах лар дехьа йа Аллах1, со а, сан доьзал а, х1усамда, йижарий, вежарий, дехой,ненахой, марзахой, со езарш а,суна безарш а, массо муъмин нах а.

Воьдучунна некъ дика бехьа

1аш волчуьна 1адика ехьа

Цомгушчунна маршалла дехьа

Малхбалехьара, малхбузехьа кхаччалц Хьо цхьаъ веш, хьан Элча бакъ веш хилла болчу,Хьайна доьхьал баьхкинчарна а, царна т1аьхьа т1е дог1ар долчу тхуна а геч дехьа.

Йа Робб, вовший дезар лохьа, вовшех дашар лохьа,дог ойла ц1ан ехьа, ч1аг1 ехьа

Хьан нийсачу новкъа т1ехь нисдехьа

Нийса боцчу некъах д1а хер дехьа

Йа ар-Раззакъ, рицкъ луш Верг, доьху Хьоьга

Хьанал рицкъ даккхар атта дехьа, хьарамдолчух лардехьа

Бусалба нахан пайдехь ехьа со.

Хьо вицвеш дика а, вуо а ма лохьа Йа Аллах1.

Йа Робб, ас доьху Хьоьга

Сан 1есалле ца хьожуш, г1ийлалле хьажий

Хьан г1ийла миска лай юкх со,хьан г1ийла буо дукх со, ас доьху Хьоьга

Доьзалца а, сайна безачаьрца а ма зиехьа со.

Сайн доьзали а, сайна безачеран а вуо ма гайтахьа суна йа Аллах1

Йа Робб

Хьоьга кхойкхуш, до1анаш деш доьхуш болчу Хьан г1ийла лайшна, цара доьхург лохьа

Доьзалхочуьнга са тессан болчу наношка кхаъ баккхахьа йа Робб

Лазаро лаьцна болчу дархошна г1оле ехьа йа Робб

Набахтехь болу сан бусалба йижарий, вежарий цу балех хьалха бахахь йа Робб

Зуламхошна бекхам бехьа

Церан дагчу кхерам тассахьа

Хьо вуйла хаийтахьа

Хьайн 1азаб доссадехьа царна т1е йа Робб

Окх Рамадан езчу буьйсанашкахь хьайга кхойкхуш болчу Хьан лайша доьхург лохьа йа Робб

Ницкъ болуш вукх хьо йа Аллах1

Къинхетаме ву кх хьо, йа Ар-Рохьман, йа Ар-Рохьийм

Хьайн къинхетам боссабехьа тхуна т1е

Суна деха ца хаарх, дала хууш вукх хьо Йа Робб

Сан до1ийна жоп лохьа

Хьайн къинхетамах ма дахахьа тхо.

Иманехь са далар лохьа

Эхарт декъал дехьа.

Кхачо йоцуш хастам букх Хьуна

Альхьамду-Лиллях1и Роббиль 1аламийн.

Йа мукъоллибаль къулюби, саббит къольби 1аля диник.

Х1ай дегнаш хуьйцуш верг

Сан дог Хьайн дин т1ехь ч1аг1 дехьа.

Ля илях1а илла анта

Субхьанака инни кунту миназ-золимийн.

Аллах1умма амин.

214

Комментарии

inna777_
Inna❤️·Мама троих детей

Сохранила ❤️ма хаз до1 ду и!Дела реза хийла хьуна❤️

Нравится Ответить
Читайте также
Аминат
aminich90
Аминат·Мама двоих (младенец)

Я родила! Сама, мальчик, 4500! Йа Аллах1 ма дик ву хьо!!

875
aysi_a 🎉
liachee Дал дукх вах войл 😍😍😍
bha88 😘
Читать все 74 комментария →
Umm
vse_vremenno2
Umm·Мама троих детей, ждёт четвёртого

Йа Аллах1 Дела йо1 ло ахь суна,доьха ас хьоьга

10
dermatologlipa Амин🤲🏻 тоже самое прошу 🤲🏻🤲🏻🤲🏻
hadyaa Не знаю правда или нет, но я слышала, что нежелательно просить определенный пол. Но если просишь, делай
rozar4202 Я Аллах1 ма ч1ооха са туьсуш яр со оц йо1е ма ч1оох езар суна и Аллах1ан лаахь
Читать все 12 комментариев →
Iiimmaann.
mmmiiimmmii
Iiimmaann.

Кто такой Абдул Рахьим и его роль?

post image

1уьр дик хил массери! Тахан къастан до1наш юкъ лацхьар аш са Абдул Рахьим. Аллах1и доьх г1оле хилитар дех хьар са Абдул Рахьиман. Г1о набарах сан сам валитар дех хьар.🤲

4112
mmmiiimmmii @mama201920 @zalina-23 @havash91 @ada.da @vashka. @azaturaeva @malika_moka @loelin @mimimarzan8 @elisaaaa @salimaharulla @umm_mu_su @liachee @milana.dudaevar @razet. @kasp.er02 @sona_h
alimpus Дала маршалла дойла цунна!
heda891 Дала ше деза маршал дойла цу жим к1орнин❤️😢🤲 дагар ца вол суна из😔
Читать все 82 комментария →
zarina
ima.zarina1994_
zarina·Мама сына-младенца

йа Робби.. Наше первое падение... Йа Аллах1 у меня чуть сердце не разорвалось....

1
mikosha95 Пусть обойдется все!
tiynalla Мой подряд за несколько дней падал 3 раза) и несколько раз ухватила перед падением
lioness341 @shepieva, @bella244, ну значит это было предопределено Аллахом😔
Читать все 23 комментария →