Молитва на чеченском языке: обращение к Аллаху с просьбой о прощении

Йа Аллах1, оха тхой Хьуна хьалха юьхь-к1ай хетш ца доьха Хьуна Хьоьга, тхан 1амалаш дика хеташ ца доьху Хьуна оха Хьоьга, делахь, Хьан доза доцу Комаьршонах тешаш доьху оха, шорта болу Хьан къинхетаме безам болуш доьху оха.

Хьуна т1е доьрзу тхо, Хьоьга доьху оха, Хьан резахилар лоьху оха, Хьан къинхетаме сатуьйсу оха.

Хьо хеставо оха, Хьуна тасбихь до оха, тхо Хьан лайш долудера, Хьан комаьршонца дехаш ду тхо.

Хьо Ву тхан кьайленаш Гушверг, даиман хилларг Ву Хьо, массо а адмаца Ву Хьо, зуррат а къайла ца долу Хьоьх, цхьа ойла яц Хьоьх д1атуьлуш.

Дика дича, цулла а шортта ял ло Ахь, къинош д1адойъу Ахь.

Хазалла ма яц Хьан бен, дика дина ма дац Ахь диниг бен, Нур ма дац Ахь деллиг бе, нийсо ма яц Хьан кхелехь бе, марзо ма яц Хьан Къамелехь бе, ницкъ ма бац Ахь г1одичи бе.

51

Комментариев ещё никто не написал.