"Гечдар дехарийн эла" ц1е йолу до1а:

اللَّهُمَّ أنْتَ رَبِّي لا إلَهَ إلَّا أنْتَ، خَلَقْتَنِي وأنا عَبْدُكَ، وأنا علَى عَهْدِكَ ووَعْدِكَ ما اسْتَطَعْتُ، أعُوذُ بكَ مِن شَرِّ ما صَنَعْتُ، أبُوءُ لكَ بنِعْمَتِكَ عَلَيَّ، وأَبُوءُ لكَ بذَنْبِي فاغْفِرْ لِي؛ فإنَّه لا يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إلَّا أنْتَ.

Алло‘х1умма Анта Робби‘ , ла‘ ила‘х1а илла‘ Анта, холакътани‘ ва ана 1абдука, ва ана 1ала‘ 1ах1дика ва ва1дика мастат1о1ту, а1у‘зу бика мин шарри ма‘ сона1ту, абу‘у лака бини1матика 1алаййа, ва абу‘у лака бизанби‘ фаг1фирли‘ , фаиннах1у‘ ла‘ йаг1фируз-зуну‘ба илла‘ Анта

Маь1ан:

Йа Аллах1, Хьо Ву сан Кхиош-Кхобушверг, Ахь кхоьллан со, со Хьан лай ву, со Хьан 1ах1д (завет) т1ехь ву (Аллах1 цхьаъ Вар, ширк ца дар), Хьан ва1д (ч1аг1о) т1ехь ву (Аллах1 цхьаъ вешверг Ялсмане чу г1ур ву аьл Хьан ч1аг1ох тешаш ву со, Ахь сайн т1е диллинарг кхочуш деш ву со) сайн ницкъ кхочу барамехь.

Хьоьца ларло со айс динчу во х1уманах (къиной 1азабех лар ве Ахь со).

Ас мук1арло (признавать) до Ахь суна дел ни1маташ,

Со къера ву сай къиношех, гечде-хьа суна, баккъалла а гечдеш вац-кх цхьа а, Хьо Воцуриг.

31

Комментариев ещё никто не написал.