Как создать счастливую семью: молитвы и духовные основы

بسم الله الرحمن الرحيم

Доьзал дика хилийта дечу бахьанашха доккха цхьа бахьан!

Хlокху дуьненан дахарехь дас а нанас чlогlа сатийса дéзачéха дукха доьзал дика хилар, вуьшта аьлча, уьш хьанал-хьарам къастош хилар, иштта цара Аллахlан дóзанаш а, Аллахlан декхарш а, лар деш хилар.

Хlунда аьлча вайн сийлахьчу Элчано ﷺ шен суннатехь вайна хаийтанчеха цхьаъ ду иза, адам делчий а хедаш йоцучу lамалеха и хилар.

Къуранан доlанашха, цхьа долу доlанаш ду хlорш:

(رَبَّنا هَب لَنا مِن أَزواجِنا وَذُرِّيّاتِنا قُرَّةَ أَعيُنٍ)

Йа Аллахl тхан доьзалшкахь, тхо даккхе дие-де даран бlаьргаш дузар лó Ахь тхуна!

(وَأَصلِح لي في ذُرِّيَّتي)

(Йа Аллахl) cан доьзал тó-бай нис-бé Ахь!

_(رَبِّ اجعَلني مُقيمَ الصَّلاةِ وَمِن ذُرِّيَّتي)

Йа Аллахl сó а, сан доьзал нийса ламаз хlоттóчáрéхa дé Ахь!

(رَبِّ هَب لي مِن لَدُنكَ ذُرِّيَّةً طَيِّبَةً)

Йа Аллахl Хьайна гергара дика хинболу доьзал ло ахь суна!

(وَاجنُبني وَبَنِيَّ أَن نَعبُدَ الأَصنامَ)

(Йа Аллахl) ларвелахь сó а, сан доьзал, Хьайца накъост лацарха!

Доьзал кхетош а кхиоран даккхийчу бахьанашха цхьа бахьан лоруш ду, уьш дика хилийтар Аллахlе дехар шен доlанашкахь.

Аллахlа вай а, вайн доьзалш а, Шен дика хинболчу лайшха дойла-кх!

5

Комментарии

Иман·Мама дочки-младенца

Амин йа Аллах1 🤲

Нравится Ответить