Как сохранять спокойствие и веру в трудных жизненных ситуациях

Хиллачарна оьшачул совнаха ойла ма елахь, хьайн мах нехан бlаьргаш чохь а ма лехалахь, иза хьайн дагчохь лаха ахь, дог паргlата хилча, сий лакхадолу хьуна...

Хьо хьуна вевзаш хилча, наха хьох лаьцна олург зене дац хьуна.

Дуьненан гlайгlа ма елахь, иза Аллахlан ду хьуна, рицкъана гlайгlа ма елахь, иза Аллахlера ду хьуна, хиндолчуьна гlайгlа ма елахь, иза Аллахlан керахь ду хьуна. Цхьана хlумана гlайгlа е ахьа — Аллахl реза айхьа муха вервар-те али, оцунна гlайгlа е ахьа..

Хlунда аьлча, ахь Аллахl резавахь, Иза реза хир ву хьуна, хьо реза а вийра ву Цо, хьуна кхачам а, тоам а бийра бу Цо.

Хьайн дог делхиначу дахарех ахь дог ма дилла, амма ахь ала: "Йа Аллахl, диканаг ло Ахь суна дуьненахь а, эхартахь а"; ткъа сингаттам цхьана сужудаца дlаболу хьуна, самукъа доlанца схьадогlу хьуна. Ахь дина дика Аллахlана дицлур дац хьуна, я ахьа дlаайбина бала а, я белха герга хилла, ахь декъалбина бlаьрг а, кху бакъонца хьайн дахар дlахьо ахь: дика хила хьо, дуьхьала хуьлуш дика дацахь а.

Неха дуьхьа а доцуш, амма Аллахl дика дешверг везаш хиларна...

Хьайн куьг сагlанца дlадаста ахь, хьан кочара баланан мушшаш дlадасталур ду хьуна; хьуна хуийла сагlанга хьан хьашт чlогlо дуй, и сагlа ахь шена луш волчуьнан хьаштел а.

[Ибнуль-Къоййим]

1

Комментариев ещё никто не написал.