ФатIыматан дIахьулъялар
Элчанан йоI ФатIымат (АллахI реза хуьйла цунна) цамгар чIагIъелла, яларе а йирзина, меттахь Iачу хенахь, и йолче тIехIотта Асмаъ Бинт Iумайс (АллахI реза хуьйла цунна) еара.
ФатIымата Асмаэ элира: «ВаллахIи, божарех эхь хеташ ма ю со. Сан докъан тIе хIума а тесна, сан дегIан куц къаьсташ, барам тIе а йиллина дIахьур ю-кх цара со!».
Цу хенахь барам, агIонаш айина йоцуш, шерра ун хилла, цундела цу тIехь долу докъан куц-кеп гуш хилла и барам айбина боьлхучарна.
ТIаккха Асмаъа аьлла цуьнга: «Тхо Эфиопехь долуш, тхайна цигахь гина болу барам санна болу барам бай хьуна оха?!».
ТIаккха оха цунна яьшках тера, агIонаш йолуш барам бира, тIе хIума тесча докъан цхьа а куц гур доцуш.
ФатIыматна и барам гинчу хенахь, Асмаэ элира цо: «Ахь со хьул ма-ярра, АллахIа хьулйойла хьо!».
🪶ссылка