❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️❗️
Хаттар: Ассаламу Iалайкум. ХIара шиъ нахала даккха бохуш ду, и йоI цуьнан цIерачарна дIагайтархьама, иштта сийсаздеш ду вайн къам, хьайга далуш дерг де АллахIан дуьхьа, валлахIи, и гина чIогIа холчахь ма ву со, дог этIаш, оццул вайн дин бехдеш ду, и хIуманаш яйъа езаш яра, ткъа мегар дуй иштта хIара хIума даржо?!
Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
-ЙоI-кIант эвхьаза даьлла долу и ахь даийтина сурт дIадаьккхи ас.
-Амма со чIогIа цецволу и тайпа долу хIума даржош болчу нахах! Со кхета а ца кхета церан кхетамах! Мелхо, хийлазза ойла йо-кх ас, вайн къома юккъера боьха мел дерг даржош, интернет чу дуьллуш, мел ца гинчунна а гайта гIерташ лелаш болу нах хIун нах бу те бохуш, ойлане вужу-кх со! Уьш баккъал а шайн дагахь къомах дог лозуш, шаьш цхьа дика дерг деш хеташ лелаш, цхьа а кхетам боцуш нах бу те я уьш цхьамма лелош бу те, иштта нахана юккъехь боьхалла яржае, нахана юккъехь эвхьазлонаш яржае, нахана юккъехь питанаш де, вовше летта балийта, доьзалш бекъа, эвхьазло массеран керта кхачае аьлла, цхьана наха болх тIебиллина арабаьхна лелаш нах бу те олий, чIогIа ойлане вужу со! Делахь а, дикачу агIора дустур ду вай, шайн дагахь дика ойла йолуш, шайн къомана дика лууш лелаш хуьлуьйту вай уьш, тIаккха динехь иштта боьха болх баржоран хьукма а, цунах пайда ца хилар, мелхо цунах зен хилар а билгалдийр ду вай.
-Цхьа а шеко яц йоI-кIант эвхьаза даьлла видео, я аудио, я сурт, я эвхьаза духар доьхна йоьIан сурт нахана юккъехь даржор, цу кепара боьхалла нахана юккъехь яржор, я и яржош дакъа лацар хьарам хиларна тIехь, мегар ца хиларна тIехь, мелхо а, АллахIан Iазапе цо ша кховдош хиларна тIехь, дуьненахь а, эхартахь а! Цунна далил - АллахIа боху Шен сийлахь долчу Къуръан чохь: «Иман диллинчарна юккъехь боьха дерг даржа лууш болчарна, лазме хин долу Iазап хир ма ду, дуьненахь а, эхартахь а». [Сурат ан-Нур, аят: 19]
И тайпа болх нахана юккъе баржош верг оцу аятна бухавогIуш хиларна тIехь цхьа а шеко яц! АллахIера лазме долчу Iазапе шен дегI кховдош ву цу кепара боьхалла нахана юккъе яржош верг!
-Делахь а, цецвала хIума хIун ду аьлча, иштта йолу боьхалла нахана юккъе яржош, цу йоьIан цIерачарна хIара гайта бохуш волчух ду цецвала хIума! Вай, хьо хIун лууш ву те и шен цIерачарна дIагайтина, и нахала яьккхина, мича хIумане сатуьйсуш ву хьо, Iалашо хIун ю хьан?!
-Боьхалла, Iесалла яьржина, цундела и Iесалла сацор ю хьайн Iалашо боху ахь?! Нагахь, Iалашо и елахь, мича меттехь ду бусалба динехь Iесалла иштта сацош хуьлу аьлла?! Муьлхачу Iеламстага аьлла иза?! Муьлхачу аятехь я муьлхачу хьадисехь деъна иза?! Я Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iесалла иштта яьккхина дIа?! Я цуьнан асхьабаша яьккхина?! Зина дина, ша цIанвехьа аьлла, шена догIуш долу таIзар дехьа аьлла шена тIевеъна МаIиз нахала ваьккхира Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам)?! Дера ца ваьккхина-кх! Мелхо, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира-кх цуьнга: «Вай, дакъаза ма вала хьо! ДIавалохьа, АллахIе гечдар дехахьа, Цуьнга верзахьа!». Юха а шена тIевеъча, юха а изза элира Пайхамара цуьнга, юха тIевеъча а изза элира Пайхамара цуьнга, юха доьзлагIа тIевеъча хаьттира Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цуьнга: «Стенах цIанве боху ахь?», - аьлла. МаIиза зинах цIанве ша элира! Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) хаьттина гонахь болчаьрга и стаг Iовдал-м вац аьлла. «Вац», - жоп делла цунна! Юха хаьттина Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мелла-м вац иза, аьлла. Асхьабаш хьаьвсира, хьожа тохийтина, вац элира цара! Ойла ехьа тIаккха, айхьа лелочуьнан а, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) лелийначуьнан а! Цхьаьна догIий дустахьа! Цхьа гIалатбевлла, хьекъал ца хиларна, яьккхина видео, сурт, аудио яржор-м дуьйцур дацара, ша зина дина аьлла стаг шена тIевеъча, иза а ца ваьккхина Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) нахала! ХIуъа дина а, и къайлавахийта гIиртина Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам)! Кхин цхьана агIора цо ша ца витарна тIедаллалц! Маьждиг чохь ца кхайкхийна, я шен асхьабашка ца вийцина, я цуьнан цIа нах бахийтина цуьнан цIеранаш юьхь-Iаьржа а ца хIиттийна! Мелхо а, хIуъа дина и кIелхьараваккха гIиртина!
Иштта юха цхьа хан яьлча, цхьа зуда тIееъна Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зина дина ша, цIанъехьа ша, аьлла! Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цуьнга а аьлла: «Вай дакъаза ма яла хьо! ДIаялохьа, АллахIе гечдар дехахьа, Цуьнга ерзахьа!». ТIаккха цу зудчо Пайхамаре (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), ахь хьалха МаIиз дIа ма-хьежорра ша дIахьежо гIерташ ву хьо аьлла. ТIаккха Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира цуьнга: «ДIаяло, цкъа хьайн доьзалхо дуьненчу валлалц собар де». Цул тIаьхьа, доьзалхо дуьненчу ваьлча, иза валош схьаеара иза, юха дIахьажийра Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), доьзалхо вакхийна яллалц собар де аьлла! Ойла ехьа тIаккха! Айхьа лелоргий, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) лелинаргий цхьана кепара цхьаьна догIий?! Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) ма ца яьккхира иза нахала, я маьждиг чохь ма ца кхайкхийра иза, я цуьнан цIераниш нахала ма ца бехира! ТIаккха мичара ду ахь лелош дерг?! Ахь санна боьхалла хьан сацийна?! Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) сацийна я цуьнан асхьабаша?! Я хьан боху боьхалла иштта сацош ю?! Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) боху, я цуьнан асхьабаша боху, я Iеламнаха боху?! Мичара даьлла хьуна иза?!
-Цу йоьIаца хьайн цхьа гамо йолуш, цуьнан цIенна тIе эхь даийтар ю хьан Iалашо?! Нагахь Iалашо и елахь, АллахIа хьайна бекхам бийр бац моьтту хьуна?! Цхьана адамаца хьайн гамо яра аьлла, айхьа дийнна цуьнан цIенна тIе доуьйтуш долчу эхьана, цуьнан гергаранах айхьа юьхь-Iаьржа хIитторна, холча хIитторна, бехк боцу нахана тIе пIелгаш хьежадайтарна Дала хьайна бекхам бийр бац моьтту хьуна?! Хьуна ца девзу вайнахана юккъехь йоIера цхьаъ даьлча цуьнан фамили тIехь мел волчунна а тIе эхь догIуш хилар?! Церан фамили тIера цхьа а бехк боцу йоI, иман долу йоI а нахана йига ца лаьий?! Я церан кIанте шайн йоI нахана яхийта а ца лаьий?! Дийна фамили тIехь болу нах оцу кепара бех муха бо ахь, церан чуьра цхьа йоI гIалатъяьллера аьлла?!
-Я хьан Iалашо иза боьха стаг ю, цуьнан цIерачаьрга и дIакхачийна сацаяйтар я ейтар ю боху ахь?! Нагахь Iалашо и елахь, хьуна ца хаьа и йоI цхьаьнан нана юй, я йиша юй, я йоI юй, я нус юй?! ТIаккха айхьа иштта и нахала яьккхича, хIицца вай ма-дийццара, цуьнан дерриге цIенна тIе эхь догIий ца хаьа хьуна?! Цул тIаьхьа цуьнан нахе айхьа хIоттош долу хьал ца девзуш ву хьо хIицца вай ма-дийццара долу?! И цхьа йоI бахьанехь ерриге цуьнан фамили бех муха йо ахь?! Цуьнан гергарчу нахах цхьаъ хилла а лартIехь стаг воцуш я лартIехь йоI йоцуш ма дац! Уьш муха хIиттабо ахь холча цхьа а бехк боцуш болу?!
-Иштта уьш нахала баьхча пайда бу, эхь хетта, шаьш нахала довлуш хилча юхабевр бу, иштта уьш юхабахар ю боху ахь хьайн Iалашо?! Нагахь Iалашо и елахь, хьо гIалатваьлча, хьайгара лартIехь доцург даьлча, айхьа боьха дерг, хьарам дерг, эхье дерг лелочу хенахь, къа дечу хенахь, хьайна цхьа видео яьккхина, я сурт даьккхина, я аудио яьккхина и яржа хIунда ца йо ахь?! Хьо гIалат ца волуш ву?! Я къа ца деш ву?! Я Iеса ца волуш ву?! Айхьа гIибат дечу хенахь хьайна запись йина нахала хIунда ца йоккху ахь, нахах эхь хетта хьайга кхин гIибат ца дайта аьлла?! Я айхьа цхьа оьзда доцу къамел дечу хенахь хIунда ца до ахь изза?! Дала хьарам динче хьо дIахьожуш хьайна сурт даьккхина, и нахала хIунда ца доккху ахь?! Айхьа Iуьйра ламаз делкъа хан хуьлучу хенахь деш видео йина, нахала хIунда ца йоккху ахь?! Хьайн дай-наний айхьа чехадеш видео йина, нахала хIунда ца йоккху ахь?! Кхин масне хир ду вайн хIоранне гIалаташ! Уьш хIунда ца доху нахала?! Шен гIалаташ хьулдина, нехан гIалаташ нахала муха доху уьш совцийта лелош ду ас хIара бохуш! Цкъа дуьххьара ша хIунда ца сацаво хIораммо, нах битина?!
Я иштта боьха дерг даржорах пайда хилла меттиг гиний хьуна цкъа а?! Гур яц хьуна! Амма гур ю хьуна цу хIуманах цIий Iаьнна меттиг! Нехан хIусам йоьхна меттиг! Доьзал бекъна меттиг! Доьзал вовшах летта меттиг! Доьзална юккъе мостагIалла тесна меттиг! Дийна цIенна тIе эхь даийтина меттиг! Цу дерригенах Далла хьалха хьо жоьпаллехь вуй хаьий хьуна къемат-дийнахь?!
Иштта долчух пайда бала йиш ян ма яц, мелхо, цунах долуш зен ду шортта, зен хIунда ду аьлча, цхьана нахана юккъехь цхьа хIума боьха хеташ, оьзда доцуш хеташ схьадогIуш хилча, и боьхалла цу нахана юккъехь кIеззиг хуьлу, наха эхье лору, наха тIе пIелгаш хьежадо, шен цIенна тIе эхь догIу бохуш, цу боьхаллах адам мелла ларло, шен ницкъ мел кхочу, амма и боьхалла нахана юккъехь яржа йоьлча, нахала яла йолаелча, хIоранне хIусаме кхача йолаелча, тIаккха нахана аттаче долу и санна дерг, хьенех яьллера и-м нахала, со яларх хIун ду олий ойла хуьлу! Хьенехан видео ю-кх интернет чохь лелаш, сайниг хилча тамаш бан хIун дара олий хета! ТIаккха шена дехьа-сехьа Iаш болчеран керта а кхаьчча хилча, шен керта иштта боьхалла кхачарх кхин генара лар ца ло, и боьхалла шегара южург ца ларло, я цуьнан чуьрчарна а кхин доккха хIума ца хетаче долу и, хьенехера йоI ю наха юьйцуш цхьа видео нахала яьлла, я цхьа сурт нахала даьлла, вукхераниг ю, кхечераниг ю, хIинца вайна тIедеа-кх, ца деънехь дика-м дара, делахь а, хIун дийр ду олий тIехдолуьйту, тIаккха иштта дIа генадолу, тахана вайна дикка генадаьлла доьдуш ма-гарра! Тахана хьал таханлераче кхачаран уггаре доккха бахьана и харцхьара лелаш болчеран видеош, я суьрташ, я аудиош яржор ду! Иштта и даржа доладелла дела атта хета доьлла иза нахана! Цундела аьлла ду боьхалла нахана юккъехь хилар-м кхераме дац, и боьхалла нахана боьха ца хетар кхераме ду! КIорггерачу маьIнаца аьлла дешнаш ду уьш! И боьхалла шена дехьа-сехьа, вукхаьргахь, кхечаьргахь, массеран бохург санна керта кхаьчча и хилча, тIаккха дIаяьржаш ю иза, вайнаха олуш ма-хиллара, массарна дерг ловзарг ду олий, тIехдолуьйту хIораммо шена тIекхаьчча, шен керта кхаьчча! Я шен керта кхачарх вуьштта санна чIогIа лар ца ло! Тахана йоIера-кIантера цхьа гIалат даьллехь, шайн и гучудаларна кхоьруш, шайн и нахала даларна кхоьруш ларло уьш, амма и нахала даьлча, тIаккха нахала дели хIара олий, кхидIа лардала хIумма дац олий кхин а боьхаче бовлу, тIаккха цуьнан лулахошна шайгара и санна дерг даьлча а хIун ду олий хета, нахала ца далийта-м хьовсур ду, нахала далахь хьенехераниг даьллера-кх, вукхераниг даьллера-кх, цхьа а хIума ца хеташ дIалелаш бу-кх олий ойла хуьлу, иштта масалш сов мел долу а, боьхалла совйолу, ткъа иштта дерг даржош верг уггаре коьрта бахьана ду-кх и боьхалла иштта совъяларан! Шен дагахь дика лууш кхо совъяьккхина-кх и боьхалла, кхо яржийна-кх иза, наха доккха хIума лоруш дерг кхо пайда боцче даьккхина-кх, уггаре куьг-бехке верг и вон видеош, я суьрташ, я аудиош яржош, интернет чу йохкуш дакъа лаьцнарг ву-кх!
-Ткъа иштта цхьана нехан йоIах лаьцна вон видео, я сурт, я аудио нахала йоккхуш, и яржош волчуьнга ала ду вайн, хьайн йиша, я шича, я мехча, я кхин муьлхха хьайн цIенна тIера, я фамили тIера цхьана йоIера вон дерг ца даьлла аьлла 100% дог тешна вуй хьо, я дер а дац аьлла дог тешна вуй хьо?! Дала вай юьхь-Iаьржонах лардойла, амма хьенан а керта кхача йиш йолуш ду-кх иза, хьо мел чIогIа иман долуш велахь а, ткъа иштта дерг хьан керта кхаьчча, масала, хьуна хууш дац иза, амма цхьана нахана хаьа иза, и хиъна болчу наха и гIуллакх нахала даьккхича, хьоьга шайн гергара стаг сацаяйта доккхуш ду ша аьлла, цхьамма и хьайн чуьра дерг нахала даьккхича муха хетар дара хьуна?! Дела реза хуьйла хIара нахала даьккхинчунна, соьга иштта бен схьакхочур дацара хIара, хIинца ас сацор ю сайн чуьраниг аьлла тIехдолуьйтур дара ахь, я муха хетар дара хьуна?! Ахь хьайна дика хетар дара бахахь, сан хьоьга дийца хIумма дац, амма ахь хьайна дезар дацара иштта дерг бахахь, тIаккха хьайна дезарг хьайн бусалба вешина дезий хIунда ца хаьа хьуна?! Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) ма аьлла: «Шух цхьа а иман диллина ма вац, шена дезарг шен бусалба вешина дезаш вацахь». [Бухари: 13]
Амма хьан хьайца бен бала бацахь, тIаккха айхьа динчуьнца хуьлуш буй бекхам диц ма делахь! Ахь неханиг нахала ма-яккхара, рагI хьайна тIе кхачаре хьежалахь!
-Цул сов, иштта йолу видео, я сурт интернет чу дуьллуш волчо, оьрсийн матте доккхий, нохчий бу бохуш кхайкхош чудуьллу! Ткъа и санна дерг къоман мостагIчуьнгара бен дала йиш яц! Къам бехдан, нахала даккха, сийсаздан Iалашонца бен дан йиш яц цу кепара дерг!