Баланаш ца лайна-м мил вацар? Шен уггаре дукха деза адам шийлачу, боданечу латти чу а диллина дагах тاулг хилла, бاаьрхиш ца совцалуш цاа вирзина мила вац? Кхи цкъа а дог делалур дуй те сан аллал шега сингаттам кхаьчна мил вац? Цхьа а вац… Кхи цкъа а нислур дуй сан хьал аьлла дагчу а тесин, жимма хан яьлча шен хьал та делла мил вац? Сан сингаттамашна чаккхе а хира юй те аьлла дагатесна мил вац? Делахь вац цхьа а. Массо а вукх Аллахاо зуьйш, шен кепара зуьйш хاорра а вукх вайх. Вай-м зе даьхкина дуй кху дуьнен тاе… Синтем, синпарг1ато, бакъдолу самукъдалар-м сийлахьчу Ялсманехь бен хира доцийла.