Хlора фарз-ламазал тlаьхьа 33 субхьаналлахI, 33 алхьамдулиллахI, 33 АллахIу акбар аларан дозалла
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа къечу мухIажарша, АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а баьхкина, элира: «Хьал долчарна кхочур долуш ду-кх (дерриг) лакхара даржаш а, хаддаза лаьттан долу ниIматаш а: (хIунда аьлча) цара оха санна ламазаш до, цара оха санна марханаш кхобу, оцу тIе цара сагIанаш ло, ткъа оха сагIанаш ца ло, цара леш маьршабоху, ткъа оха леш маьрша ца боху». (Цара аьллачуьнга ла а доьгIна), Пайхамаро (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна,) аьлла:
«ТIаккха ас цхьа хIума Iамаде шуна, и бахьанехь шу шайл хьалха дIабаханчарна тIаьхьа а кхуьун дерг, шайл тIаьхьа богIун болчарал шу хьалхадевр дерг, изза динарг бен шул веза хир доцург?»
Цара аьлла: «Дера дийца, хIай АллахIан Элча!» (ТIаккха Пайхамаро, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна,) аьлла:
«ХIора ламазал тIаьхьа ткъе кхойт-кхойттазза (хIара дешнаш) ала: «АллахI тIех цIена ву» /СубхьаналлахIи/, «АллахIана хастам бу» /АлхьамдулиллахIи/, «АллахI массо хIуманал воккха ву» /АллахIу акбар/.
Цул тIаьхьа къечу мухIажарша АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а баькхина, элира: «Хьал долчу тхан вежаршна оха дийриг хаза а хезна, изза дан буьйлабелла уьш!» - (оцу хьокъехь) АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Иза – АллахIан комаьршалла йу, Цо Шена луъучунна луш».
(Ал-Бухари: 843, Муслим: 595).
ссылка