Ма дика хира дара, хӏора а шен дахарца ваьхчи. Нахана юккъехь эладитанаш ца даржош а, йа питанаш ца деш.

Дика ма ду , маршонехь ваха, цхьаннена оьгӏаз ца оьхуш йа дов ца латтош.

АЛЛАХ1 Дала вайга кховдийна вовше дика а, кӏед-мерза хилар.

Ас са туьйсу, хӏораммо и хӏум дӏахьург хилар.

Амма вайн дахар иштта нислуш дацахь, оьрсаш далош масала ду, бумеранг хӏуманца.

Цуьн маьӏан, ахь цхьаннена чов йиний? хьуна цхьамма кеста йир йолуш ю хьун

Ахь цхьанница нийсо ца лелийни? – иштта хьоьца лелор йолуш йац хьун

Нех доьзалца, хьо кӏоршаме хиллий? хьан доьзаллица иштта хир бу хьун

Ахь цхьаннена къа тӏех тоьхний? Хьан къа цхьамма тӏех тухар долуш ду хьун.

8

Комментариев ещё никто не написал.