Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Tanzila
Tanzila
Мама четверых детей

Набахтера кехат Буьйсанна наб йайна Синтем а боцуш Набахтаьхь маьнганаш Андий а долуш Сингаттамо г1аттийна Къолам схьа…

Набахтера кехат


Буьйсанна наб йайна

Синтем а боцуш

Набахтаьхь маьнганаш

Андий а долуш

Сингаттамо г1аттийна

Къолам схьа эцна

К1айчу кехата т1е

Йаз дира ас: «Нана».


Лаьтта со г1ийла

Цу йозане хьоьжуш

Б1аьр дуьхьал хьан нуьре

Юьхь сибат туьйсуш

Хир ма бац мотт к1еда

Цхьанне а к1антана

Бацахь мотт хьомечу

Ше Нанас биллина.


Доьху хьоьга

Къинт1ера йалалахь Нана

Вахарна сингаттам

Буьтуш хьан дагна.

6

Комментарии

camomile.

maккáh

хьан вашс йаз йиний?(

tanzila952018

Tanzila

Мама четверых детей

веана вац,Ин Ша Аллах1 3 бутт 28 де даьлча вохар ву🌸

hava_518

хава

😢😢😢😢😢