Уггаре еза буьйсанаш ю тховса дуьйна. Аллах1 Дала жоп лойла вайн 1амалшна.
Тоба дар.
*А1узу биллах1имина шайт1они роджийм, бисмиллах1иррахьманиррахьийм.*
_Ашх1аду ан лаилах1а иллаллах1, ва ашх1аду анна Мухьаммадан расулуллах1. Ашх1аду ан лаилах1а иллаллах1, ва ашх1аду анна Мухьаммадан расулуллах1. Ашх1аду ан лаилах1а иллаллах1, ва ашх1аду анна Мухьаммадан расулуллах1.
Йа АЛЛАХ1, сайгара ХЬо реза воцуш дяллачу хуманна дохко вялла со, сайн хуъуш йа ца хуъуш айса латийначу къиношна дохко ваьлла со.Тоба дина ХЬоьга геч дар доьху аса, йа АЛЛАХ1.
АСТАГ1ФИРУЛЛАХ1, АСТАГ1ФИРУЛЛАХ1, АСТАГ1ФИРУЛЛАХ1.
Йа АЛЛАХ1, къобул дехьа сан тоба. ХЬо реза волуш дохко валар лохьа суна, сан г1ийла 1амалшка хьаьжна ца 1аш, къинхетам бехьа соьх. Хьан г1ийла лай ву-кх со, йа АЛЛАХ1. ХЬайн сийлахь болчу къинхетамца геч дехьа суна, йа АЛЛАХ1.
Йа АЛЛАХ1, сайн ницкъ ма кхоччу, ХЬо реза воцу х1ума сайгара ца далийта нийат до ас. Йа АЛЛАХ1, ХЬО реза воцу х1ума даларах со ларве ахьа. Вочу х1умнах гена ваккха ахь со. Йа АЛЛАХ1, ХЬО реза волчу некъа т1ехь нисве Ахьа со. Ийманехь, исламехь сов ваккха ахьа со. Йа АЛЛАХ1, сан дена, са нанна геч де ахьа. Са йижаршна, вежаршна геч де ахьа. ХЬайн къинхетам бе ахьа царах. Йа АЛЛАХ1, ХЬайн сийлахь болу къинхетамца жоп ло ахьа сан до1ийна. Аллох1умма солли 1ала, Мухьаммадин ва 1ала, али Мухьаммадин васаллам.
*Х1ара, хьайна лаахь, хьайн безачарна д1аса яхьийта. Вай бахьанехь кхечо тоба дина дохко вялча, цунах мел хил мега вайна.*❤️🩹