Mom.life
Марианна
marianna77888
Марианна
‼️‼️‼️Как сделать Истихар намаз?
Ши ракаат Истихар ламаз оли так начинается? И потом говоришь, что хочешь, делаешь дуа???‼️‼️
Подскажите, пожалуйста.
16.01.2025

Лучший комментарий

Комментарии

medmed
medmed
ИСТИХАРА-ЛАМАЗ

Хаттар:
Истихара-ламаз хун ламаз ду?

Жоп:
Иза суннат-ламаз ду вайн Элчано, саллаллахIу IалайхIи ва саллам, деш хилдолу. Муьлхха а хьайна цхьахlумв дан дагадеъча и хlума айхьа дале, истихара-ламаз дой тlаккха хьуо дан воллу хlума до ахь. Нагахь и хlума хьуна дика делахь, Аллахlа хьан и чекхдалийта хьуна гlо до. Нагахь и хlума хьуна дика дацахь, Аллахlа хьан и хlума чекхдалийтп аьтто ца болуьйту.

Хаттар:
Маца дан деза иза?

Жоп:
муьлхха а хьайна цхьа хlума дан дагадеъча. Масала: зудайалор, марейагIар, цхьанхьа ваха араволуш, деша воьдуш, балха хIуттуш... иштта муьлхха хьайна гIолехь хIун ду билггала ца хууш долу хlумангахь дагавалар ду иза.

Хаттар:
ният муха дан деза дIадоьхкуш?

Жоп:
Аллахlера харжам боьхуш истихара-ламаз дан ният хуьлуьйтура ду шен.

Хаттар:
Муха дан деза иза?

Жоп:
иза кхидолу ши ракаlат ламаз санна деш ду: ши бисмалла а цхьа этхьиг доьшуш.

Хаттар:
оцу ламазан доIа дан дезий?

Жоп:
Деза, доIа коьрта хIума ду цу истихарат ламазан.

Хаттар:
Муха дан деза доIа?

Жоп:
доlа истихара-ламаз дина а ваьлла салам ма деллинехь деш ду.

Хаттар:
И хIун доIа ду?

Жоп:
"АллоохIумма иннии астахиирука биIилмик, ва астакъдирука бикъудратик, ва асъалука мин фадликал-Iазыым, фаиннака такъдиру ва лаа акъдир, ва таIламу ва лаа аIлам, ва анта Iаллаамуль-гIуйууб. АллоохIумма ин кунта таIламу анна хIаазаль-амро (г1уллакхан ц1е йоккхур ю) хойрун лии фи‌и ди‌ини‌и ва маIааши‌ ва Iаакъибати амри‌и факъдурхIу лии‌ ва йассирхIу ли‌и сумма баарик лии‌ фи‌ихI. Ва ин кунта таIламу анна хIаазаль-амро шаррун лии‌ фи‌и дии‌нии‌, ва маIааши‌ ва Iаакъибати амрии‌, фасрифхIу Iанни‌и, васрифни‌и IанхIу вакъдур лийаль-хойро хьайсу каана, сумма ардини‌и бихI”.

«Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам боьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац; Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву. Йа АллахI! Хьан Iилмангахь дерг, хIара сан гIуллакх ( КХУЗАХЬ ХЬАЙ ДОЛЧУ ГIУЛЛАКХАН ЦIЕ ЙОККХУ, Масала: цхьанхьа ваха араволуш деш ву хьо, тIаккха ахь олу - со новкъ валар йа со оцу метте вахар дика делахь и.дI.кх. тIаккха кхин дIа доIа дIадоьшу) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а дика хирг хилар делахь, суна ницкъ ло Ахь цу гIуллакхана, суна иза атта а де Ахь, йуха суна цунах беркат а де Ахь.

Ткъа нагахь санна Хьан Iилмангахь дерг, хIара гIуллакх
( ЙУХА А ОЦУ ХЬАЙН ГIУЛЛАКХАН ЦIЕ ЙОККХУР ЙУ ЛАКХАХЬ ВАЙ МА АЛЛАРА, ЙУХА КХИН ДIA ДОЬШУР ДУ) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар делахь, суна гена даккха Ахь иза, со цунна тIера дIа а верзаве Ахь, цулла диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, йуха со цунна реза а ве Ахь.

Хаттар:
ХIара доIа Iаьрбойн маттахь дан дезий?

Жоп:
хаахь lаьрбойн маттазь дийра ду,
амма хууш вацахь, хуучу маттахь дан а мегармду.

Хаттар:
И шадеригге дина ваьлча, суна гIан ган деза хIара нийса ду аьлла, сихонца дагтосур ду суна?

Жоп:
иштта хилар бехкам бац, гlан лардан дезаш дац ахь. Хьой и дерриге дина ваьлча, айхьа шен истихара-ламаз дина долу хlума дан воьду хьо. Нагахь иза хьуна дика делахь, Аллахlа хьан аьтто бийра бу, хьа и хlумма чакхдера ду. Амма и хlума хьуна вуо далахь, хьан аьтто бийра бац, и хlума хьан чакхдера дац. Иштта хира ду цуьнан жоп.

Дика хууш верг Аллахl ву!
16.01.2025 Нравится Ответить
medmed
medmed
Тут подробно и дуа есть на чеченском
16.01.2025 Нравится Ответить
marianna77888
marianna77888
Баркал!🩷
16.01.2025 Нравится Ответить
h_havva
h_havva
Делаешь обычный сунна намаз с намерением совершить сунна истихара намаз, сам намаз как обычный сунна намаз в два ракаата. После саляма читаешь дуа истихара (есть в интернете), если умеешь читать на арабском, если нет читаешь на русском, эта версия тоже там будет я думаю
16.01.2025 Нравится Ответить
elina...
elina...
ссылка
16.01.2025 Нравится Ответить
marianna77888
marianna77888
Запись не найдена говорит)))
16.01.2025 Нравится Ответить
elina...
elina...стикер
16.01.2025 Нравится Ответить
Читайте также