Mom.life
Хадижа
amamaman
Хадижа
post image
Бераллехь вай дуьне мел доккха хетара, меллаша дIа йоьдуш хетара хан,

Дуьне къахьло аьлча цунах ца кхетара, мотта ца моьттура со лур ву къан.

Йовхонах хьоьгуш хан йогIу шелвелча, жималлий ше хенахь ца бо вай хам, марзо а дIайолу къаьхьа кад мелча, къанвелча дIаболу дуьненан чам...

Зама, къайлах хьан боларан ас тидам бора, хьан хIора амалан маьIна а гуш, дуьненан да ву ахь ца моттийтура, со ирсе цхьа а вуй те хеталуш.

Зама, ахь вадавой со цкъа мархашка хьора, дог Iехадолийти хоьцура чу, лаьттах а текхий са ваьржи дIагIора, гулвой ахь юха а са кхуллура чу.

Хьоьца ас къуйсур дац, ницкъ бу хьан шорта, ахь къанво хеназа, ахь шел а во, дуьне а, дахар а хьо хийца гIерта, Къанахий дегнаш хьоьга къар ма ца ло.

ТIаьхьарчу хенахь со хьох ма ца кхета, яцйа хьо гIерта те сан йисна хан, суна-м со башха кхи ваьхна ца хета, хетало гинарг ду буьйсана гIан.

Зама, ма хаьа суна хьо соьл тоьлар юйла, кIезиг бен ца йисни сан яккха хан, ткъа хьуна хаарий со кийча вуйла, ца къарлуш д1акхехьа муьлха некъ хьан,
зама, суна эхь хета и хан Деле йеха, хIу хаьа йоьхург юй кхечунна хан, хийла кIант ваьхьи ахь дуьнена меха, къонахий чекх бовлахь сий хир дац хьан.

Зама, со тахна тIаьххьара ву хьоьга доьхуш, сан коьрта Iалашо дан диснарш ду, тахна со мукъамна ву дешнаш лоьхуш, къана и дIаала лууш а ву,… и ала кхиа лууш а ву...
01.12.2024
6

Лучший комментарий

Комментариев ещё никто не написал.

Читайте также