Mom.life
Долчунна хам ца бича ма дохко волуш хилла)

Сан вашас жима йолуш даиман дов деш,массо хан лар еш лела йора со.Сан дешаран т1аьхь,сан духар т1аьхь,сан лелар т1аьхь,соьгахь сан Де телефон ца хилитаргахь.Цу хенахь жим йолуш ч1ог1а дог эт1ара,сайна вуо деш хетара иза,сой охьа те1ош хетара.Х1ай жима йолу 1овдала хан.
Ма кхоьруш лелаш хиллера иза,Массо аг1ор вуо х1уманах лар я г1ерташ,ледарло ца ялита г1ерташ,1овдал Са дуьненах 1еха елл гал ца ялита г1ерташ.Хенаца бен кхеташ а ца хиллера цунах.
Х1инца цо ца 1амича дов деш 1амадайтан Бакъара Суран дуьхьарлера 3 листок ма хьоме хуьлу суна,Давийса кхин а 1ама дайтан хил делир оле хета.Цо схьа хьоьхуш д1а даздайтан хилла долу хьадисаш гуттара а дагахь лаьтташ ду.Массо цо хенахь хьехна х1уманаш даг чу дижан ду.Альхьамдулиллах1
Х1инца сан Ваша суна хьехар дан генахь волуш кхетна со мел оьшуш хиллера суна цуьнан х1ора хьехар.Ша набахти чу вахча ше ойланашца ша а висича Ша т1ех шога хиларна дохко ваьлл Со Къинт1ера йокхуш кехат даитча,Цунна хууш дацар сан дагчохь аса цо мел динчу довна со Баркале хилли,х1инца кхи а ч1ог1а т1е те1ош хилла елир 1илман оле хета.Цо алара:«Танзила хьо жима ю,хьан хена юкъ гуттара а массо информации д1а лоца хан ю,губка гина хьуна хи т1е 1от елча и минотехь д1а худаш ишта ю хьан мозг а,Хьайна пайде дерг д1а лаца хьажа,1илма 1ама да хьажа,дийнахь цхьа листок деша,цхьа аят 1амадича сан хене яхча Къуран дагахь хаьаш хила тар ло хьо.Ма яхита хьай хан эрна,со санна 1ама т1е йирзича 1ам динарг атта дагахь ца лаьташ йисича айхьа яхитина хан дохко юьлуш 1ир ю хьо»
Ишта да а ду иза.Маре яхана дахар дола дича хан тоьаш а ца хиллера,бераш юкъа а йоьде.
Вайна дика дерг вуо хеташ хила тарло вайна,вайна вуо хетарг дика хила тарло.Иштта дукха хьал

Ин Ша Аллах1 юха Шара сан Хьоме Ваша ц1а вог1ар ву,т1акха ма ша тайпа хийца лур ду тхан дахар❤️
05.11.2024
2311

Лучший комментарий

Комментарии

_isaeva
_isaeva
Сайниг Аллах1о д1а вигин ша волч, цхьа шо даьлч сайн и гур вуй хиъч ма ирсе хир яр со
05.11.2024 Нравится Ответить
tanzila952018
tanzila952018
Аллах1а геч дойлакх цуьн,шуна Аллах1а собар лойла
05.11.2024 Нравится Ответить
um.mu1az72
um.mu1az72
моьттар ду хlар пост язийнарг со йу..иштт хlинци а хастам бокх аса Аллахlан иштт дик вежри сун баларн❤️‍🩹дешаран ахча луш новкъан ахча луш соьга Аллахlан къамел lам дайтарн..бокъалла ма докх ниlмат дукх и ишт ваш хилар🤍Аллахlо цхьан тухийла шу йиша!
05.11.2024 Нравится Ответить
tanzila952018
tanzila952018
Амин Йа Аллах1❤️❤️
Аллах1а лат бойла бойла хьуна уьш
05.11.2024 Нравится Ответить
camomile.
camomile.
хьан постыш со тахана яьлхош ю❤️‍🩹
05.11.2024 Нравится Ответить
tanzila952018
tanzila952018
Ма елха Хьоменаг❤️Кхунах масал хилла цхьаъ а шена хьоьхарг д1а лаца тарло,шена насыхат деш стаг хилча и д1а ца теттар,мелла а цунан т1е г1ертар ч1ог1 дуй хаа тарло❤️
Ахь со елхош аса хьо елхош доьдуш таханалера де)))❤️
05.11.2024 Нравится Ответить
seda_fr
seda_fr
Ин шаа Аллах1!
Дал ма эшбойл вайн Ишт вежрий✨
Дал сих марш воккхийл и!
05.11.2024 Нравится Ответить
tanzila952018
tanzila952018
Амин
05.11.2024 Нравится Ответить
v11.12.2016
v11.12.2016
😢😢😢😢
05.11.2024 Нравится Ответить
indira999
indira999
🥺❤️‍🩹❤️‍🩹
05.11.2024 Нравится Ответить
Читайте также