-Вай, Дала мукъ лахь, юха ц|адерзор ду Сталина. -Дерзор ду! -Вай Казастанер д|асахехкар бен, кхин дан х|ума доцуш-м вац…

-Вай, Дала мукъ лахь, юха ц|адерзор ду Сталина.
-Дерзор ду!
-Вай Казастанер д|асахехкар бен, кхин дан х|ума доцуш-м вац иза?
-Х|е, Сталин ца хиллехь, дара х|ара вайн |едал а кхераме…
-Сан десара,дацара. И боьха стаг а ма ву..
-Э-э-э, хуур дар-кх, Ленин велахьара. Ма кхерам бацара вайна т|ехь х|ара дан.
-Деллахь, ма хьекъал долуш стаг а хилла, боху-кх, иза.
-Хилла, сан десар-кх.
-Баккхийчара дуьйцуш хезна суна, оьзда стаг и Киров а вара бохуш.
-Киров, Орджоникидзе, Мокоян, тхан эвлахь буьйсанаш яьхна, нохчаша ларбина нах бу-кх.
-Уьш Гуьржийн махка д|абоьлхуш, г|алг|айн махка кхаччалц д|аэцна вахна вар-кх вай хьастаг|а д|авоьллина тхан деваша.
-Асланбек Шерипов виснехь а, цхьа г|о хила мегара вайна.
-Да воцуш халкъ ду вай-нохчий.
-Къонахийм хиллер вайн, амма, хьуний дайна, да ца хилла-кх.
-Цундера аьлла-кх, да воцу даьхний барзо диъна…
.
.
.
.
-Деллахь, цигахь берш муха |аш бу-теша?
-Сан десара,бац,хьуна, дика хьоьгуш..
-Шен махкахваьлла лелачу стага х|ун дика хьоьгур ду?
-Дала шена беллачу махкахь вала ма веза стаг, д|ахьаьжча, шен ден чурт а гуш…
-Дера, орам хадийна дечиг якъа ма ло.
-Вайн дечиган орам хада ца бина, дечиган генаш хедийна, уьш юха девр ду, заза а латор ду, стом а кхуьур бу..
-Дала мукъ лахь!
-ИншаАллах|!