Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Rashana

Как маме сохранить себя в декрете? Советы от опытных

боккъалла а, лар йала лууш йолу бусулба зуда, шен амал эсала

хилийта лууш йолу зуда, шен лелар, ша боккху ког, йелар, къамел дар ларош хира йу,

тидам беш хира йу, совнах дерг ца далийта ларлуш а хир йу.

ша гайта г|ертар йац иза, шега хьажийта а г|ертар йац иза.

шен б|аьрса ларор ду цо, шен йуьхь сибат ларор ду цо.

массо а шуьйра духар доьхнарг иман долуш а йац, эсалалла сов йаьлла а йац,

ткъа ша шуьйра духар лелош йалахь, оцу духарин сий а дир ду цо,

шена цхьанне олург массарна олуш дуйла а хууш,

шех ша йуьтуш йолу ойла, ша массарех йуьтийла а хууш.

масне го вайн тахан т|е доьхан шуьйра духар долуш,делахь а шен леларца цо оцу духарийн хазалла йойъуш болу йижарий?

масне го вайна шен духар иштт шуьйра а доцуш (х|унда аьлча и лело халонаш йу цуьнан),амма ша йу, йа йац ца хоуьйтуш ша ара йаьллачу заманчохь йолу йиш?

цундела, сийлахь йу ша гайта ца г|ертарг!

сийлахь йу ша гайта бахьанаш ца лелориг!

сийлахь йу ша муьлха а фитнах гена йаьлларг!

Аллах|о |алаш бойла и йижарий!

Аллах|о сий динчарех а бойла уьш! уьш бу уьш х|окху умматан къонахой кхиор берш!

1

Комментарии

hadija9477

@hadija

Многодетная мама (5 детей)

Аллах1 Амин🤲

Отметок «Нравится»: 0