ДоӀанна кхаа кепара луш ду жоп:
➖ ахь деха ма дехна луш ду;
➖ тӀебогӀу бала юхатохуш бу;
➖ къемат-денна дӀадуьллуш а ду.
Делахь а, доӀанна жоп ца дала бахьанаш а ду, Элчано ма-аллара (саллаллахӀу Ӏалайхи ва саллам): «Хьарам дерг дууш хилар, хьарам дерг молуш хилар, хьарам дерг тӀедухуш хилар». ДоӀанаш дан деза жоп ца ло аьлла ца Ӏаш. АллахӀана деза Шега дехар. ДоӀа бусалба стеган герз ду аьлла Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам). Иштта доӀа дар ӏибадат ду а аьлла Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам).