
Хьуна хаийла, хьуна бала белларг, хьуна цамгар елларг - хьикмате болчарах тӏех хьикмате верг Ву хьуна. Къинхетаме болчарех тӏех къинхетаме верг Ву хьуна. Стигалан, латтанан а хьашташ кхочушдарехь дӏахӏоьттина верг Ву хьуна. Цо хьуна бала белла бац хьуна, я цамгар ца елла хьуна хьо хӏаллаквархьама, я хьуна ӏазап далархьама. Мелхо а, Цо хьуна бала, цамгар а елла хьуна хьо зерхьама. Хьан Шега кхайкхар Шена хазийтархьама, хьан Шега хьаставалар, хьан куьйгаш хьалаайбар, хьан охьатаӏар Шена хазийтархьама. Хьоьгара и Шена хаза лууш белла хьуна Цо и бала. Цӏена Ву хьуна бала белларг, хьоьга хьан бала балхор Шега хьалаайбийтархьама.