*Шайха Усаймина доьзалех дина долу до1а, нохчийн маттахь.*
Йа Аллах1, Хьан хазачу ц1ерашца ас доьху Хьоьга. Ас кхойкху хьоьга ахь сан бераш декъалдаре сатуьйсуш!
Йа Аллах1, церан дахаран хан яхъе ахь, могшалла ло ахь царна, Хьайн дин т1ехь ч1аг1де ахь церан дегнаш.
Йа Аллах1, царех цомгуш волчунна могшалла ло ахь, г1ийланиг ч1аг1ве ахь.
Йа Аллах1 церан дег1 а, хазар а, б1аьрса а то де ахь, церан сакхташ нис а дай, кхачаме бе ахь уьш.
Сан Дела, Хьайн кьинхетамца цамгарех, къинойх, г1алатах а ларбе уьш, Хьайна муьт1ахь бе ахь уьш.
Йа Аллах1, шайн дег-нене ладог1ийта ахь цаьрга, дуьхьал а ца буьйлуьйтуш, къинош а ца летадойтуш.
Йа Аллах1 г1о де ахь суна уьш ийманехь - исламехь кхиорехь.
Йа Аллах1, ас тешна буьту Хьуна сайн доьзал. Ас доьху Хьоьга уьш массо а лазарех, г1иллакх дацарех ц1анбар. Ас тешна буьту Хьуна уьш, ахь массо вуонах уьш ларбийр бу аьлла, буьсанна даьржаш долу, ас тешна буьту Хьуна уьш, ахь нехан хьаг1ах, эмгараллах а, цабезамах а ларбийр бу аьлла.
Йа Роббии, ларбе ахь сан доьзал массо а аг1ор.
Йа Аллах1, сан бераш сан йолу яхь хиларна, дозаллийна а бахьана хилийта ахь. Хьуо везашберш безийта ахь царна..
йа Аллах1, къинхетам бе ахь сан доьзаллех кху дуьненахь а, эхартахь а, Хьо везарна, Хьоьца йолу юкъметтиг ларъярна т1едалор долу 1илманца.
Сан Аллах1, даржехь лакхбаккха ахь сан доьзал, кхиамаш хилийта ахь церан, аьтто бе ахь церан..
Йа робби, декъалбе ахь уьш, син ц1еналла ло ахь царна, саг1а даларехь сов бийла ницкъ а, къинхетаме хилар а, 1илма а.
Йа Аллах1, юьхь1аржонах, нехан зуламех ларде ахь сан бераш. Хазахетарш ло ахь царна, со а ирсе йийр долу.
Декъалде ахь церан хазар, б1аьрса, могшалла а, хьекъал ло ахь царна, хаза г1иллакх а.
Йа Аллах1, сан доьзал Къемат дийнахь суна хаза тоьшалла дан хьакъ хилийта ахь.