Жимма сай самукъа долу х1ума дийца аса)
Сан ваша а,цуьнан уггар дика накъост кхи цхьацца вежри тюрьма чохь болу уже 7 шо ду.
Сан ваша цуьнан накъост а жима волуш дуьйна цхьана хилла ву.Барам боцуш дика к1ант ву иза ала х1ума доцуш,дика вуонехь сан вашина,тхуна массарна а накъост вара иза.Сан вашас ма хьийза вора иза)И волчу вахан и вижан нисс волча хи оьце и дутти сама вохуш,Даиман цуьнан кочахь хуьлара иза))Важа ма ву ша цхьа эсала,цо муха ловра хаац сан ваша))))))))
Д1а вигначул т1аьхьа СИЗо волуш шаьшиъ цхьана волуш самукъ долуш хуьлара и шиъ ,амма цул т1аьхьа этапе ваькхана д1а вуьгуш цхьана городехь велахь а разный тюрьмашкахь нисс велира и шиъ.Ч1ог1а сатуьйсуш дара тхо и шиъ цхьана нисс валита,Амма Аллах1 дика хууш верг ву.Делвхь Цул т1аьхь телефон тухуш вовше ишта 1аш вара и шиъ)))
Ткъа х1инца и дика накъост августехь Альхьамдулиллах1 ара волуш ву.Ма самукъ даьлла тхан и ц1а вог1аш,тхай волуш санн хета тхуна иза.Амма иза миск,ша хьалха ц1а вог1уш сан вашал ша цхьа вуо болх беш санна хеташ хабар дуьйцуш хуьлу иза)Сан нене телефон тотхча :„Вай Мовсар ара ваккха хьожар ду хьуна,сай махуьлла и ара вакх хьажа тас лура ду хьуна вайша“ола сан нене))Цуьнан хаа дезар оха цуьнга а мел сатуьйсу,и массарна мел дукха веза.Х1ора де а лар до и ц1а варе,амма герга мел йоьду -ч1ог1а ях луш хилла хан.Делахь и могуш маьрша ц1а кхаьчхьана кхин х1умма а ца эшара.
Юха тхо дага хуьтту юха шара Сан Ваша ц1а варе кечамаш беш,хаьдда лелаш))Ма хаза хан хира ю иза,Аллах1а цу хене кхачор дац те тхо.
Аллах1а парг1ат бохийла набахти чохь мел болу вежри а,йижри.
💔💔💔
Аллах1о ц1а даьрз дойл цун риц1къ .
Пусть Аллах1 поможет и освободит наших братьев и сестер . ♥️
Амин йа Аллах1! Амин Амин Амин 😥😥 Аллах1о массо бусулба парг1ат воккхийла могш маьрша ц1а а кхача бойла! Как вспомню времена когда не знали где братья где отец .. стояли у дверей всех отделов.. вся душа на изнанку и дрожь. Ма хала дукх царга са тийса! АльхьамдулиЛлах1 уьш болш!
@tanzila952018 АльхьамдулиЛлах1 нашли .. это было много раз.. теперь все живы здоровы дома
😭😭😭
Аллох1умма амийн