Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Rashana

Хьо ларвеш вуй Аллахl? Хlара могlанаш доьшучу мlаьргонехь хьан дог, соьлапха, эс лардина Цо!

Ткъа хьуна хаьи? Xlора а мlаьргонехь Аллахla хьо ларвеш вуйла? Oцу цхьана мlаьргонехь а, бlоьзза ларвеш ву Цо хьо!

Муха?

Ахьа хlара могlанаш доьшучу мlаьргонехь, Цо лардина-кх хьан дог - сацарах, хьан соьлапха - дlакъовлабаларх, хьан эс - хьере хиларх, хьан патарш - цамгаро эшорах, хьан синпхенаш - бозбончаллех, хьан корта - лазарех, хьан зорх - даl даларх, хьан чоконаш - йестарх, хьан меженаш - энаша лацарах, хьан бlаьргаш - бlарзаллех, хьан лергаш - къораллех, хьан мотт - мотт ца хаарх…

И дерриг а, кхин дуккха а Аллахlа lалашдина хlокху мlаьргонехь, иштта кхидlа а дерриг lалашдеш a ву Изa.

Ткъа моццулa хастам бан беза вай Аллахlана оцу цхьана мlаьргонна?

1

Комментарии

nebist

nebist

😭😭😭

Отметок «Нравится»: 0