( БЕРА КХИО ЦА ЮЬТУ ) ⏬
Цхьана хенахь бусалба динехь дика кхиош долу бераш гича, ойла хуьлура хьан, хьайн доьзал хилча, айхьа а кхиор ду лоьмаш, Ислам-дин довзуьйтуш, Аллахlан дика лай бийр бу айхьа царах… Амма хан-зама дlа а яьлла, хьайн доьзал болабелча, гуттар а цхьамма новкъарло йо-кх хьуна уьш кхио ма-беззара кхио.
⬆️Кхузахь хьуна хьо евзинехь, тlаккха хlара къамел хьуна лерина ду, ехха хан чохь хьан ойла а йина, хьо дагахь а яьллина, хlинца хьоьга язъян сацам хилла сан.
Аллахlан дуьхьа суна дукхаезарг! Уггаре хьалха хьан догъэца лаьа суна, хьуна дагадаийтарца - кху дуьнен тlехь цхьа а адам дац хьуна хьан бер жима долуш, цунна тlеlаткъам бан хьайчул сов ницкъ кхочур болуш.
Хlаъ, цара эшарш летош, хелха а дуьйху бер, мультикаш хьежа охьа а хийшадо, телефон кера а лой, ловза а ловзуьйту,керста нехан дезденошкахь совгlаташ а до, хьуна мел ца дезнарг хьан берана lамош ду цара.
💡Сингаттаме ма хила хьо. Хьуна хаьий нанас шен доьзалхочунна дина доlа юхатухуш даций Дала?
✅Аллахlе деха хьайн бер иманехь кхиор, гондахьа болчу нахе и талха ца дайтар;
✅Кlеда-мерза хаийта гергарчарна хьо берана хьарам дерг lаморна реза цахилар;
✅Хьайн берана хьайгахь дика масал гайта;
✅Бер кхетаде мегаш доцург цамагийнарг хьо яций, Аллахl вуй;
✅Оьгlаза а ма эха, амма къар а ма ло;
✅Хьайн бераца хан яккха айххьа!
✅Хьайн ницкъ ца кхочу аьлла хетахь, ахь ала: «Ла хьавла ва ла къуввата илла биллахl»
Халонна тlаьххье атто ю хьуна!

Хьой ма хилло дик хил хьо адмиц, цун хьо атт
ца хетахь ас дуьцаг
дош дац хьун. ВаллахIи хир дац хьун Баркал.
Сун цхьа резко ху даг деъни, после КС гай т1е ца та1до цар😂😂 кхи бер ца даллал 😂😂
Аллах1о оьхазло ма йойла но ма кайф юкх х1ар чохь цхьа буьйсан доьлхш х1иц дин бер доцш
😍😍😍😍😍😍😍
Ма ца дез сун кхи бер, баьхк бац ца даьзча 3 хилч😁

«Цхьа к1ант хиляхь,кхи бер ца оьшар хьун»..-тов🤣
Бакъ льокх хьо деца эл ат ий сом😂
💔💔💔