Как Аюб пайхамар пережил испытания Аллаха?
АллахӀа хӀора хӀуманна тоьхна хан ю, Шен хьикматаца, къинхетамца.
Берхlитта шарахь цомгуш лаьттина Аюб пайхамар, lаляйхlиссалям, амма чаккхе муха хиллера цуьнан? Дала итт доьзал велира цунна, хӀусам-нана хьалха санна хаза, жима дӀахоттийра цунна, шен дерриг даьхни юхаделира цунна. Оцу шерашкахь АллахӀа шена белла бала ца лайнехьари, хира дарий цунна иза? Дацара. Иза-м дуьненан хӀуманаш бен ма дац. Ахь ойла ехьа, АллахӀ мел реза вина цо, АллахӀана хьалхачулла мел дукхавезавелла иза.
АллахӀ тӀех-эмгаралла йолуш Ву. Шен лайна Ша дукхавезавелча тоам ца хуьлу АллахӀана, кхин а чӀогӀа Ша цунна везийла лаьа Дална. Салафш ма-аллара: Ша кхин а чӀогӀа везийтархьама, барам боцуш ниӀматаш ло АллахӀа хаддаза. Вадуд ма Ву АллахӀ, Ӏазза ва джалла. Салафш, шайга бала кхачанза хан яьлча, кхералуш хилла, хlунда аьлча, АллахӀа баланаш далар оцу стаганна диканна ду. Иштта дацахьарий, уггаре чӀогӀа пайхамараш зуьйра ма бацара Дала. Стаг шен дине хьаьжжина зуьйш ву ма аьлла Элчано ﷺ, шен имане хьаьжжина. Вайн Дала луш йолу цамгараш, вайга кхочуш болу баланаш мел кӀеззиг ду, Пайхамарашка кхаьчначарга хьаьжча.
Ахь ойла е, шовзткъа шо кхаччалца цкъа а шегара наха жимма бехк баккха хӀума даьлла воцу, даааиманна царна чусадиллина хилволу, шен дахарехь пуьчаш боьттина воцу, цара «бакълуьйш верг», «тешамениг» аьлла шена цӀе яхийттал сийдолу къонах хилволу, цул тӀаьхьа, шен шовзткъа шо кхаьчча, АЛЛАХӀА шега къамел деш, уггаре сийлахь долу Джабраиль малико шега къамел деш, "Иза шегара хӀумма дуьйцуш вац, иза вахьйу бен дац" бохуш АллахӀ Волуш, оцу керстнаха хӀун баьхна цуьнга? ХӀун сий дина цара цуьнан? Цхьамма «хьо пуьчаш буттуш ву» олуш, вукхо «хьо хьераваьлла ву» олуш, «хьо зударий безаш веана ву, куьйгалла дезаш веана ву, бахам безаш веана ву»... Лалура йоцу цӀераш техкина цара уггаре сийдолу адманна. Цулла а и цӀераш шена йогӀуш йоцуш цхьа ма ца хилла. И санна оцу сонталлех цӀена цхьа ма ца хилла. И санна хаза гӀиллакхашца куьце хилла цхьа ма вац. Муха хилла хир ду цуьнан хьал, цара и къамелаш деш?
Ткъа и аьлла Ӏиний уьш? Тахана, иза дагадеъча, бусалбачу стеган дог, бӀаьрг боьлхуш, «дависа-кх, цу заманахь хила, цу нехан кортош даха, цаьргара чӀир эца, Элчанна тхой ца тешший хаийта» олий, хьан дог-ойла хуьлуш хӀума ду цара цуьнан хӀусам-ненан хьокъехь аьлларг. ВаллахӀи, муьлхха боьрша стаг, шен хӀусам-нанна и санна дерг аьлча, цу шен хӀусам-ненал чӀогӀа холчахуттура ма ву. Иза а аьлла-кх цара. «Хьан хӀусам-нанас ирча хӀума дина»… АллахӀу Акбар. ВаллахӀи, Пайхамарехь цу хенахь хиллачу хьолан куц ма ца хоттало.
Пайхамаршна и халонаш Дала хӀунда елла? ВаллахӀи елла уьш Шена инннзаре дукхабеза дера, уьш Шена дукхабезаш лайш болундела, царна уггаре лаккхара даржаш далархьама, Ялсамане чохь уггаре Шена юххехь уьш хилийтархьама.
ثم الأمثل فالأمثل
Ткъа цул тӀаьхьа царех тера вер-верриг чӀогӀа зуьйра ву.
…..·
До слез💔Ма ша Аллах1
Rashana··
❤️❤️❤️