Хьаж-цlа ваханарг вазвар
Хаттар: Ассаламу Iалайкум.
Хьаж-цIа вахана цIа вохург вазвеш, цуьнан хьаж къобалдан нах боьлхуш, иштта хIуманаш лелор мегаш дуй?
Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Хьаж дар Дала бусалба нахана тIедиллина долчу фарзех цхьа фарз ду, ткъа цхьаммо шена тIера и фарз кхочушдинера аьлла иза вазвеш, и цIа вохуш цунах цхьа йоккха гIовгIа яьккхина хIума лелош, юха цуьнан хьаж къобалдан нах оьхуш, юха цо баьхкиначарна совгIаташ деш, иштта цу тайпа и хIуманаш лелор нийса дац, муьлхха а ша йина Iамал ларо езаш ю, цунах рияъ ца хилийта, хIунда аьлча иблис ду вай мел еш йолчу Iамална тIаьхьадаьлла лелаш, вай дагчу рияъах хIума даийтина, и вай халла йина Iамал йохо гIерташ, рияъ дагаиккхича и Iамал юхуш йолу дела. Цундела олу Iеламнаха айхьа йина Iамал ахь къайла мел хьо а къобалхиларна герга ю, ахь иза нахала мел йоккху а рияъ юкъа а деъна йоха герга ю, цундела Iеламнаха шаьш хьаж дан боьлхуш шайн лулахошна а я шайн мутаIеламашна а ца хоуьйту, рияъах ларбалархьама. Нахалавийла оьшуш хIумма дац стаг хьаж дича, шена тIедиллина фарз кхочушдина-кх цо, я и вазван хIума а дац, цуьнан хьаж къобалдан нах эха оьшуш хIума а дац, цо дийнахь пхи ламаз мосазза до цуьнан керта воьдуш – «Дала къобалдойла хьан ламаз» ма ца олу цхьаммо! И ламаз санна шена тIедиллина долу хьаж ду цо кхочушдинарг! Дог чIогIа ларо езаш хIума ю, жимма хьо маллушехь иблисо шен болх бой, хьан Iамал йохайо, хьан дагчу рияъ доуьйтий, ткъа ойла яйша стагана дага хIума муха догIур дац ша Хьаж-цIера цIа вохуш шена дуьхьал еъна ах юрт хилча, баьццара байракхаш айбина?! Юха юьртара мел верг хьаж къобалдо бохуш керта хIуьттуш хилча! И хIуманаш, мелхо, цуьнан хьаж дохо кхераме хIуманаш ду, юкъара дIадаха дезаш хIуманаш ду, ша цхьа къа дан воьдуш ша нахах лачкъа ма-дарра лачкъо деза ша хьаж дан воьдуш а! Ша дина къа наха шена тIехдеттар ца дезаре терра ца дезаш хила веза ша дина дика хIума наха дийцар а, къаьсттина шена хьалха дийцар! Ша дина къа бахьана долуш наха шен юьхь яхар цадезаре терра цадезаш хила веза ша дина дика хIума бахьанехь наха ша хестор а!
#коьрта_хаттарш
Шум йиш ца хиллер,яр Мархи бутт те ца кхечехь😧вай нех доьх къобш дац,вай яр мархнаш г1овг1наш ца еш Бисмиллаh,али шай марх къаб ✋🏻 (соьг ца къаблой, сун во дуй яр дуй,важ дуй,яъум гич со ца меги) нах вайг нис лур бац,хьорамо ша ша нис вал хьежчан дикнаг хир ду))✋🏻
Суна ахч хьарам дин ду моьт суна
Уже 6 раз отказали в подарочных
Я не имею право на эту выплату бах
Уггар хьал луш дол уп одобрить Дин дол,и хунд луш дацам ца хаъ суна
Девочки адман чохь джин ду дац хьожш цхьа дик мол ца хаъ шун?

Со ма ца кхет и Айшат Хизриевас динчух, только сегодня об этом услышала, ма ч1ог1 синтем байъна цо са((( ойл йич ма ирч х1ум ду и(( ма ч1ог1 лар да дезш ду кх зудбер. Откуда она? И х1унд дина цо?? 💔 Дала иманехь кхиъбойл вай доьзал
Цхьа болчара шаьш и хьаж деш йин йол харж мет хот йо))наха кхоьхьуш долу ахчнаш схьа оьцуш))