Бераллехь вай дуьне мел доккха хетара
Меллаша д1а йоьдуш хетара хан
Дуьне къахьло аьлча, цуьнах ца кхетара
Мотта ца моттара цкъа лур ду къан.
Йоьвхонах хьоьгуш хан йог1у шелвелча
Жималлий щи хенахь ца бо вай хам
Марзо а д1а йолу къаьхь кад мелча
Къанвелча д1а болу дуьнена чам.
Зама, къайлах хьан буолара ас тидам бора
хьан х1ора амала маь1на а гуш.
Дуьнена да ву, ахь цкъа моттитура
Соьл ирсе цхьа вуй те, хета а луш.
Зама, ахь вада вой со цкъа мархаш к1ел хьора
дог 1иэха долитий хоьцура чу
Лаьттах а кхетий со варжий д1а г1ора
гулвой ахь юха, са кхуллура чу.
Хьоьца ас къуьссур дац - ницкъ бу хан шорта
Ахь къан во хеназа, ахь шел а во
Дуьне а, дахар а хьо хийца г1ерта
Къонахий дегнаш хьоьг къар ма ца ло.
Т1аьхьарчу хенах со хьоьх ма ца кхета
Йаьц ян хьо г1ерта и сан йисна хан
Суна-м со башха кхи ваьхна ца хета
Хетало гинарг ду буьйсанна г1ан.
Зама, ма хаьа суна хьо соьл тоьлар йуьйла
К1еззиг бен ца йисний сан яккха хан
Ткъа хьуна хаарий со кийча вуйла
ца къарлуш д1а кхехьа муьлха некъ хан.
Зама, суна-м иэхь хета и хан Деле еха
Х1у хаьа йохург юй кхечунна хан
Хийла к1ант ваьхьий ахь дуьненна меха
Къонахий чекх бовлахь - сий хир дац хьан!
Зама, со тахна т1аьххьара ву хьоьга доьхуш
Сан коьрта 1алашо дан диснарш ду
Тахна сан мукъамна х1у дешнаш тоьлу
Кхана и д1а ала лууш а ву.
Зама, со тахна т1аьххьара ву хьоьга доьхуш
Сан коьрта 1алашо дан диснарш ду
Тахна сан мукъамна х1у дешнаш тоьлу
и ала кхиа а лууш а ву.
Очень нрав,тся эти слова🤧