Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Дездемона
Дездемона
Мама сына (1 год)

Кому по шариату должна остаться ребёнок после развода: матери или отцу

-Стаг зуди дlас къестича, бера ненац хила дезаш ду, цу нена хьакъ дукх иза, 7 шо цу беран кхаччалца, бера кlант велахь я йоl елахь а башхалла яц, ненац хила дезаш ду бохург дац нанна оьшуш дацахь а бера цун коча дол деза бохург, нанна бера шеца хила лууш дlа дига гlерташ елахь, ненац и бера къийса йиш яц, цунца дита дезаш ду бохург ду, и хьал нана маре яххалц дерг дар, нагахь нана маре яхча тlаккха и бера ненац хила дезачера дlа долуш ду.

Оцу дерригена далил - Пайхамарна (соллалло́хlу lалайхlи ва саллам) тlе еана цхьана зудчо хаьттинч хена, ше хусам дас йитин ша, хlинца шегар бера схьа даккха гlерташ ву иза аьлла, Пайхамар (соллалло́хlу lалайхlи ва саллам) цунга аьлла: Бера хьоьца хила хьакъ ду хьо маре яххалца. [Абу Давуд: 2276]

-Амма нана маре яхча, дас реза а хилла бера ненехь дуьтуш делахь цу тlехь lелам неха цхьа а къовсам бац иза мегаш ду.

-Амма нана маре яхча, да лууш вацахь бера ненехь дита, тlаккха бера ненехь хила бакъо яц.

-Нана маре яхча, да и бера ненехь дита реза а ца хилча, бера хьенгахь хила догlуш ду аьлча, цу тlехь къовсам бу lелам нахан юккъехь, цхьа болчара нен-ненехь хила догlуш ду аьлла, кхи болу lелам наха дегахь хила догlуш ду аьлла, нагахь да вацахь тlаккха-м нен-ненехь хила догlуш ду, иштта я нен-нана яцахь дегахь хила догlуш нис ло, амма и шиэ дацахь, да а, нен-нана а яцахь цу беран уггар уллер гергарчунгахь хила догlуш ду. Делахь и дерриге а бера динц lамор долуш, цунца бала кхочур болуш, цунга хьожур болуш хиларц дуста дезаш ду, и бера шегахь дитаран lалашо и ю, и бера динехь кхиъ дайтар, цунга хьажар, цунна терго яр, и ду коьрта дуста дезаш дерг, масала нана маре яхна, тlаккха бера дас схьа да бах, амма да динц вац, lасалли чохь ву, бера динехь кхиор долуш вац, я цунна дин lамор долуш вац, я цунца бала кхочур болуш вац, иштта хьолехь бера дег дlа дало догlуш дац, масала нен-нана ю динца бала боцуш, я динехь бера кхиор доцуш, я бера тесан дуьтар долуш, иштта хьолехь бера нен-ненег дала догlуш дац иштта кхи дlа а, оцу беран дин lам дарц, и бера динехь кхиорц, вуьштта и бера lалаш дарца алсам бала кхочуш верг хьалха ваккха везаш ву и бера дlа даларгахь, екъ нен-нана ю аьлла хьалха йоккхур яц, я векъ да вар аьлла хьалха а воккхур вац, и бера вай ма диццар кхиор долуш уьш хиларе хьевсини бен.

-Амма бера дега дlа дала догlуш долчу хена башхалла яц и да кхи зуда ялин велахь а вацахь хlумма хуьцуш дац, иштта хlумма хуьцуш дац и зуда динехь хиларх а ца хиларх а, хlунд аьлча да ву коьрта верг, цу берац ша мел къезиг хуьлуш велахь а нагахь ша динехь велахь цунна бала кхочур бу и бера динехь кхио.

-Амма нана маре ца яхна, бера ненехь долуш цу бери 7 шо кхечи, тlаккха цу бере харжам бойтар бу, деца lа леъ хьуна, я ненац lа леъ хьуна аьлла, цо хержинчунца дита догlуш ду бера тlаккха.

Цунна далил - Пайхамарна (соллалло́хlу lалайхlи ва саллам) тlе еанчу хена цхьа зуда, шеца бера къуьссуш ву цунна да аьлла, тlаккха Пайхамар (соллалло́хlу lалайхlи ва саллам) цунна да схьа кхайкхитин, цу бере хаьттин-кх: Хlара хьан нана ю, хlара хьан да ву, цу шиннах хьаьнца хила леъ хьуна? тlаккха цу беро ше нена куьг схьа лецир, тlаккха и бера аьцна и (нана) дlа яхар. [Абу Давуд: 2277]

Иштта бере харжам бойтур бу цунна 7 шо кхечча, нагахь иза кlант велахь, амма йоl елахь а бойтур буй харжам аьлча цу тlехь къовсам баьлла lелам нахан юккъехь, цхьа болу lелам наха йоl елахь а бойтур бу харжам аьлла, цхьа болу lелам наха йоl ненац хир ю пхийттар яллалц, я маре яххалц аьлла, кхи болу lелам наха йоl маре яххалц ненац хир ю аьлла, вукха lелам наха харжам байта оьшуш а доцуш 7 шо ма кхечан йоl деца хир ю аьлла, иза мелла нийсох дерг а ду.

-Амма башхалла яц бера ненехь делахь я, я дегахь делахь а вовше бера ца гайтар иза цхьана кепар динца догlуш хlума дац, я динехь бакъо йолуш хlума а дац, мелхо зулам дар ду, ткъа зулам даккхичу къиношха къа ду, Дала дуьненчохь а, эхартахь а шозза бекхам беш долу къа а ду, башхалла яц цу бери да-нани мух дlас къестан делахь, цу бери нана маре яхан елахь а, мухха хlуъ хьал делахь а бера нанна ца гайта бакъо яц, я дена ца гайта бакъо яц, и бера шегахь долчо.

-Амма бера ненац делахь а, я нен-ненац делахь башхалла яц муьлххачу хьолехь а цу беран оьшург латто езаш верг да ву, иза цун тlехь ду.

6

Комментарии

dinaaaa95

Мадина

К сожалению у наших свои законы

Отметок «Нравится»: 0
amina_007

Дездемона

Мама сына (1 год)

К счастью отвечать перед Аллахӏом

Отметок «Нравится»: 1
dinaaaa95

Мадина

@amina007, да Альхамдулиллах

Отметок «Нравится»: 0
mra..mi

Маня

Например, майри зуди д1айс къаьстан и бер нене луш дац, гойтш дац. И зудс цанахь обратиться дич(духовн упр мусульман, наверное) цар и бер нене д1а долити? У нас в республике я имею ввиду

Отметок «Нравится»: 0
amina_007

Дездемона

Мама сына (1 год)

Когда как

Отметок «Нравится»: 0
ummufam

Yasmina

Мама троих детей

Ма хаза дукх вай динуль Ислам!!! Альхьамду лиЛлях1 Аллах1ан хьалха оцу зуламхоша жоп лура долуш!!

Отметок «Нравится»: 1