Дог оьцуш хилахь цхьа наг-наггахь: дахар, зезагаш, дагара дешнаш
дог оьцуш хилахь цхьа наг-наггахь, жим-жимма,
ца кхоош дагара дешнаш.
ахь наггахь хастийча "хьо ах сан сих",
ца оьшу сун бошмаш, ярташ.
дог оьцуш хилахь ца оьхуьйтуш зама,
оьший-те дагахь дерг къийла?
дуьненахь ца хьостуш уллера хьаша,
коше и даьхьна-кха хийла.
дог оьцуш хилахь цхьа наг-наггахь, жим-жимма,
ца лоьху дуьненан бахам.
зезагаш сан ц1арца ахь хестош дайча
мах боцуш хета сайн дахар.
Ирина·
Мама дочки (6 лет), беременна (30 нед.)
Я очень извиняюсь, а можно перевести на русский, очень интересно читать ваши посты но языка не понимаю. Благодарю😊