Йа АллахI, марзо тхан дегнашкахь, синош туо де, маршонан некъаш тIе нисде, къинойх ларде, беркат де доьзалшца, тоба къобал де
Йа АллахI! Тхан дегнаш юкъахь марзо йе Ахь, тхан синош туо де Ахь, тхо Хьайгарчу маршонан некъаш тIе нисде Ахь, боданех кIелхьарадахе, тхо нур долчахьа дерзаде Ахь, гучахь а, къайлах а долчу къинойх тхо ларде Ахь, тхуна тхан хазарца а, тхан бIаьрсица а, тхан дегнашца а, тхан доьзалшца а беркат де Ахь, в тхан тоба къобал а де Ахь, бакъдолуш Хьо тоба къобал дийриг а, къинхетам бийриг а ву, тхо Хьайн ниIматана шукр деш хилийта Ахь, цуьнца Хьо хестош хилийта Ахь, иза тхуна кхочуш а де Ахь, йа Аллах1.
Хьанифа·
Амин