Дахар паргlата хилита, бах-бахарш генахь латто
Хьайна моьттург бакъ дай тlе ма лаца. Тlе хьаьжна буьрса стаг ву моьттинарг, дог кlеда кара во. Ткъа дика стаг хеттарг боьха дог долуш а. Хьан шин бlаьргана схьа гуш долчуьнна а хила тарло кхин агlо, ткъа оьшуш дац ахьа хьайн хетарг дина и дийца. Хьоьга цхьаъ дуьйцучуьнга кхечо дийцинарг, кар-карахула чекх долуш цуьнах бакъ долу дош ши-кхоъ хила мега, хlораммо шегара хlумнаш тlе детта дера. Цхьам хьайх лаьцна цхьаъ аьлла бохуш дуьйцучух а сих ма ло теша, цаьрга дош ца олуш хьоьга и схьа ала веънарг хьан накъост лоруш вац хьуна. Хьуна халахетар дар, хьан дог дохор хlумма ца хеташ верг уллехь а оьшуш вац. Хьоьга кхечуьнах лаьцна вуон хlумнаш дуьйцург, кхечуьнга хьоьх лаьцна дуьйцуш а карора ву. Бах-бахарш генахь латта бе ахьа, дахар паргlата хира ду хьан.
Aisha·
👍
…..·
++++++
ليندا·
Мама двоих (младенец)
На фото случайно не вы?хотела забрать)))
Um_1imara··
Нет не я ) сохраните 🤍