Не забудь совершить намаз ад-Духьа❗
إيمان·05.04.2021·ПемаДухьа-ламаз кхо бIе кхузткъа (360) сагIин метта нислуш ду. Муха нисло аьлча: адамийн дегIехь 360 хуттарг ю, оцу хуттаргех хIора даьIахк а сагIане хьашт ю, денна цунна тIера ахьа доккхуш долучу. И сагIа – шукар ду, Дала хьайна деллачу оцу ниIматна ахьа деш долу. Ткъа оцу дерригенан а метта хIуттуш ду зуьхьа-ламазах ахьа деш долу ши ракаIат.Оцу шина ракаIатан пайданаш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина:«ХIора дийнахь а Iуьйре хиларца шух хIора а сагIа дала дезаш ву, шен дегIана тIехь хуттаргаш йоллучул. ХIора «субхьаналлахI» дош алар - сагIа ду, хIора «алхьамду лиллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «лаилахIа иллаллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «АллахIу Акбар» дош алар - сагIа ду, диканна тIехьоьгIуш омра дар - сагIа ду, вочух сацор - сагIа ду, амма оцу дерригенан а метта хIутту Iуьйренан ши ракаIат ламаз»Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:«Сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дина соьга - хIора баттах кхаа дийнахь марха кхабарца, ши ракаIат духьа-ламаз дарца, со дIавижале хьалха витар-ламаз дарца»Цуьнан хан дIайолало малх схьакхеттачул тIаьхьа ткъа (20) минот яьлча, делкъа-ламазан хан хилале хьалха ткъа (20) минот йиссалц.Духьа-ламаз дар уггаре дезах хуьлуш йолу хан - малх чIоггIа бохбелла йолу хан ю.Цуьнан уггаре лахарниг - ши (2) ракаIат ду.Цуьнан уггаре дукхах дерг - бархI (8) ракаIат ду, цхьаболчара дукхаллин хадийна барам бац аьллаОтметок «Нравится»: 11 Ответить
Пема·
Что за намаз ?
إيمان··
Духьа-ламаз кхо бIе кхузткъа (360) сагIин метта нислуш ду. Муха нисло аьлча: адамийн дегIехь 360 хуттарг ю, оцу хуттаргех хIора даьIахк а сагIане хьашт ю, денна цунна тIера ахьа доккхуш долучу. И сагIа – шукар ду, Дала хьайна деллачу оцу ниIматна ахьа деш долу. Ткъа оцу дерригенан а метта хIуттуш ду зуьхьа-ламазах ахьа деш долу ши ракаIат.
Оцу шина ракаIатан пайданаш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина:
«ХIора дийнахь а Iуьйре хиларца шух хIора а сагIа дала дезаш ву, шен дегIана тIехь хуттаргаш йоллучул. ХIора «субхьаналлахI» дош алар - сагIа ду, хIора «алхьамду лиллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «лаилахIа иллаллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «АллахIу Акбар» дош алар - сагIа ду, диканна тIехьоьгIуш омра дар - сагIа ду, вочух сацор - сагIа ду, амма оцу дерригенан а метта хIутту Iуьйренан ши ракаIат ламаз»
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дина соьга - хIора баттах кхаа дийнахь марха кхабарца, ши ракаIат духьа-ламаз дарца, со дIавижале хьалха витар-ламаз дарца»
Цуьнан хан дIайолало малх схьакхеттачул тIаьхьа ткъа (20) минот яьлча, делкъа-ламазан хан хилале хьалха ткъа (20) минот йиссалц.
Духьа-ламаз дар уггаре дезах хуьлуш йолу хан - малх чIоггIа бохбелла йолу хан ю.
Цуьнан уггаре лахарниг - ши (2) ракаIат ду.
Цуьнан уггаре дукхах дерг - бархI (8) ракаIат ду, цхьаболчара дукхаллин хадийна барам бац аьлла