Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
إيمان

Ойла ехьа: вайх цхьаьннан ахча дайча, мел сингаттаме, мел гlайгlане хуьлу вай, и лоьхуш мел къахьоьгу вай и карадаллалц.

Ойла ехьа: вайх цхьаьннан ахча дайча, мел сингаттаме, мел гlайгlане хуьлу вай, и лоьхуш мел къахьоьгу вай и карадаллалц.

Юха а хьажахьа: мел дукха суннаташ дайна-кх вайн, тесна дитина-кх вай. Ткъа царна гlайгlане хиллий вай? Царна сингаттаме хиллий вай? Вайн дахарехь и суннаташ лелор юхадерзон къахьегний вай?!

Баккъал а, и бахьанехь вайн дахарехь вай бала хьоьгучух ду - вай динаран а, дирхlаман а сий-пусар сов деш хилар, уьш мехала ларар Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) суннател а.

Цхьамма нахе кхайкхам бича: хlара суннат лелийначунна хlоккхул ахча а, совгlат а лур ду аьлла, нах карор ма бара хьуна lуьренгара суьйренга бовллалц шайн ерриге а дахаран агlонашкахь и суннаташ лелон гlерташ къахьоьгуш, уьш лардан гlерташ сутара хьийзаш. Хlунда аьлча хlора суннат лелор бахьана долуш хир йолуш са ю царна, лур долуш ахча ду царна.

Ткъа ахчано хlун пайда бийр бу хьуна хьо хьайн коша виллича, хьуна латта тlеlена доьлча?

[Жайна: Эзар сов суннат]

https://t.me/so_icharkho

1

Комментарии

tanzila952018

Tanzila

Мама двоих (младенец)

Ма тесан дуьт ас суннат ламазаш.Дала къинхетам бойла массо бусулбачу нахна

Отметок «Нравится»: 0