Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
خادىجة..💭

Эхь ца хета хьуна? Аллахан гуш ма ву хьо?

баккъалла а, бода кхоьллинчунна гуш ву хьо.

цхьаболу нах хуьлу, нехан бӀаьргах къайла бовлу гӀерташ, делахь царна кӀезиг эхь хета адамийн Делах, адамийн Паччахьах, бакъдолуш жима къа, цунна кхерам хӀун бу аьлча.

цхьаберш къайла бовлу шайн къиношца, шеш цхьалха болчу хена АллахӀана Ӏеса хуьлу уьш, ткъа нахана хьалха дикал гучуйоккху цара, иштта нехан Дела цхьаъ варехь сакхта хила кхерам бу, АллахӀа юьхь Ӏаьрж хӀиттош шайн яьххьашча, церан меттанашка шайгга тоьшалла дойтуш гуча бохар бу къайлахь къинош летош берш.

эхь ца хета хьуна?! АллахӀан гуш ма ву хьо, меттиг, бода кхоьллинарг АллахӀ ма ву.

хаза ду-кх къайлахь къа лата дар Ӏадда дитина, къайлахь Ӏибадат дича, бӀаьргах хи долуш АллахӀах кхоьруш билхина бӀаьрган хьарам йина Дала жоьжагӀатан цӀе.

сайга хьалха деш хьоьга кхайкхар до ас - къайлахь Ӏибадат даре, къайлахь къинош ца летош, къайлах летош долу къинош хьан дерриге Ӏибадат чан йин дӀа даккха мега.

умматах цхьа нах ма бевзу суна элира Элчано صلى الله عليه وسلم: «даккхи лаьмнаш санна диканаш дахьаш бохар бу уьш, АллахӀа чан йина дӀа дохар ду церан уьш. муьлш бу уьш, бовзийта тхуна хӀай Делан Элча!», цо элара: «уьш дера бу шеш цхьалха бисича АллахӀа хьарам динарг лелош берш».

1

Комментарии

grozniy991

Зуля 😇

Мама троих детей

Как сто раз поставить лайк 👍👍👍👍👍👍👍👍👍👍👍

Отметок «Нравится»: 0