Девочки,хьонк чу боьллан галнаш еш хьонк мух кечбо аш?😄
Мелко нарезаешь чермшу и тушить мин 5 , добавляешь творог. Тесто как на вареники. Сун яитлахь😂
Хьонка боьллина галнаш
Муьлхха а марнана реза йийр ю аша кху кхачанца..) «Юьзна галнаш» олу кхарах.
Вайна оьшу: бод - цхьа кила дама, жима lайг туьха, хи. Чуюьллург - даьтта, хьонка, кlалд.
Дуьххьара бод хьакхабо вай: дамий, хий, туьхий вовшах а тухий, дикка хьоь, тlаккха цхьана ткъа минотехь садоlуьйту цуьнга.
Цо садоlушшехь, вай чуюьллург кечйо.
Хьонка кеггий дакъош деш ата а отий, даьттан чохь кхорзу вай. Цул тlаьхьа и шел а болийтий, кlалдаца иэбо.
Вайн бод буткъа бо вай, цул тlаьхьа горга дакъош доху, даккхийра а долуш, хlорш яккхий ян езаш ма юй.
Кхидlа шайна хаахь я хуур ду аьлла хетахь иштта лакхахь санна «дехкий» до аша, ца хаахь - вареникаш санна ян а мегаш ду уьш. Хьонка юккъе а буьллий, шалха а тухий, йистигаш пlелгашца тlеттlалатайо.
Ас хьонк в свежем виде мелко хада бой, цу т1е к1алд тухи, т1е даьтт дутт, таккх к1алд охьа ца 1енш, вовшах лет йолш, дик юзло галнаш