Сан де Ц1а.
Сан хьоме де Ц1а -
Сан мерза кхерч,
Сан са ду даима хьоьца.
Йог1у со хьан кхерча
Марзонах 1аба,
Жималла сайн карлаяккха.
Хьомсара да-нана
Даьхначу керта,
Йог1у со доггаха
Парг1ат са даккха.
Д1аяхна жималла
Сайн карлаяккха.
Дайнарш а, лайнарш а
Ойланехь листа.
Сан де Ц1а -
Ма ч1ог1а марзо ю хьоьца.
Да-нана, йиша,
Хьоме ваша.
Д1аяха мерза хан
Кхин юха ца ян,
-Эх1! Маржа я1! -
-Дуьне хьо, -
Дахар хьан доца ду.
Хьан марзо мерза ю,
Хьох 1аьбнарг мила ву?
Хаттар сан хьоьга ду.
Дуьнено 1ехаво,
Шайт1ано тилаво.
1ожалло тешнабехк,
Ма ч1ог1а сиха бо.
Цундела сан де Ц1а -
Сан марзо хьоьца ю.
Кхоьру со, сан де Ц1а,
Хьох хаьдда йисарна.
Корта сан сирбелла,
Шен лааме дег1 кхийда.
Амма дог д1аг1ерта
Йиш-веши марзоне.
Сан хьоме де Ц1а,-
Сан мерза кхерч,
Сан са ду даима хьоьца.
Йог1у со хьан кхерча
Марзонах 1аба,
Йог1у со доггаха
Парг1ат са даккха,
Хьан марахь яла сатесна.