Вай -м кхера 1емина
Массо а х1уманах:
Мохк баларх,дарц даларх,
Ша тохарх,т1о тохарх,
Малх лацарх,бутт лацарх,
Мохк а ткъа бегорах,
Помдорех ,наьрсех а,
Китайцо кхиочу,
Аьн долчух,хин долчух,
Хадиштан "талламех",
Д1аьвшечу юучух,
Баьржинчу текхаргех,
Бехачу меттанех,
Къизачу та1зарех...
Вай кхоьру,амма и
Ца кхоьручо к1ез-к1езиг д1овш детташ...
Вайн дегнаш талхошду,
Марзонаш къахъеш ю...
Вай кхера оьшуш дерг-
Ийманах вай дохар,
Вай кхера оьшуш дерг-
Буоберан догдохор,
Вай кхера оьшуш дерг-
Шалха мотт лелабар,
Вай кхера оьшуш дерг-
Нехан хьакъ вай даар,
Вай кхера оьшуш дерг-
Дихкинарг къобалдар,
Вай кхера оьшуш дерг-
Цхьа Делан оьг1азло...
Вон доцуш дика дац,
Дика доцуш вон а дац...
Цкъа дина наноша,
Цкъа бен ткъа лийриг дац...
Делах бен вай кхера
Дуьненчохь оьшуш дац.
Лен воцург веъна вац
Хьеша и латта а.
Уьш кхера безар бу-
Шалха мотт лебинарш,
Шалхонаш лелийнарш...
Хьурмат В.Татаева (Эскиева)
Бакъ лоь...