Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Хеда
Хеда
Мама троих детей

Вай -м кхера 1емина Массо а х1уманах: Мохк баларх,дарц даларх, Ша тохарх,т1о тохарх, Малх лацарх,бутт лацарх, Мохк а…

Вай -м кхера 1емина

Массо а х1уманах:

Мохк баларх,дарц даларх,

Ша тохарх,т1о тохарх,

Малх лацарх,бутт лацарх,

Мохк а ткъа бегорах,

Помдорех ,наьрсех а,

Китайцо кхиочу,

Аьн долчух,хин долчух,

Хадиштан "талламех",

Д1аьвшечу юучух,

Баьржинчу текхаргех,

Бехачу меттанех,

Къизачу та1зарех...

Вай кхоьру,амма и

Ца кхоьручо к1ез-к1езиг д1овш детташ...

Вайн дегнаш талхошду,

Марзонаш къахъеш ю...

Вай кхера оьшуш дерг-

Ийманах вай дохар,

Вай кхера оьшуш дерг-

Буоберан догдохор,

Вай кхера оьшуш дерг-

Шалха мотт лелабар,

Вай кхера оьшуш дерг-

Нехан хьакъ вай даар,

Вай кхера оьшуш дерг-

Дихкинарг къобалдар,

Вай кхера оьшуш дерг-

Цхьа Делан оьг1азло...

Вон доцуш дика дац,

Дика доцуш вон а дац...

Цкъа дина наноша,

Цкъа бен ткъа лийриг дац...

Делах бен вай кхера

Дуьненчохь оьшуш дац.

Лен воцург веъна вац

Хьеша и латта а.

Уьш кхера безар бу-

Шалха мотт лебинарш,

Шалхонаш лелийнарш...

Хьурмат В.Татаева (Эскиева)

1

Комментарии

seeee

𝓢𝓮𝓭𝓪Мама троих детей

Бакъ лоь...

Ответить

Ц1ац болчар соьх нийс ца кхетта, йа кхет ца лиан. Шоьц дов дакх г1ерча йацар со, ас бохш дег хьу дар? Беро ше чохь…

Ц1ац болчар соьх нийс ца кхетта, йа кхет ца лиан. Шоьц дов дакх г1ерча йацар со, ас бохш дег хьу дар? Беро ше чохь г1аскхи мотт буьйч делла, нийс дац бахар ас. Оц беран нохчийн моттахь ца аьлч, цо г1аскхи мотт бийцч хаз дац. Вай нохчийн мотт лар бе. Садикяхь, ишколяхь, балг1а, цо шен луаг мотт бийцар, и китайский белахь.