Mom.life
Miskin
@miskin91
Russia, Chechnya, Grozny
82
записи
32
подписчика
181
комментарий

Семья

elephant
Полная информация о пользователе доступна только в приложении MomLife
post image
Ассаламу алайкум 🌷
айфон 11 экран хийцитни цхьамо?
После норм работает телефон?
За сколько поменять дин?
Ма йиш яцар са🥲🥲🥲
21.12.2024
muallim Да 2 раза меняла 3500 делла Потом 6-7т делла Оба раза один черт😂 Не почувствовала разницу от
hedatim хийцан, вахь тоьх экзан сизнаш хит дол деллер, егар, поменяли за 4500
Читать все 6 комментариев
Березка свет юй шу ?
19.12.2024
varinana Яц, уже трижды пытаются они дать, латошехь тухи д1а йойш 1аш бу
bashanovar Хьа мац ло те 😫
Читать все 2 комментария
Почему мама всегда рядом?
ЦХЬАНА ДИЙНАХЬ...

Сан Нана..
Сан нана массара а и евзинчара хаза ю олура,
Хаза хилча ма олу хаза ю.
Кхин а олура цара: «Делан дуьхьа, ма оьзда стаг яра хьан нана». И дешнаш суна массо а хlуманал деза дара. Цара сан дог токх дора, цунна хьаам бора.
Жима волчу хенахь дуьйна сайн ненах
воккхавина ву со. Цо муьлххачу адамца а
къамел деш сапаргlат хуьлура со. Стагана
тамехь дерг ала хаьара нанна. Жима волчу хенахь шеца кест-кеста цхьаццанхь вуьгура
цо со. Иштта цхьана дийнахь ненаца гlала
кхечира со. Цу хенахь пхи-ялх шо хир дара
сан. Гlала йоккха хетара суна, хийра хетара.
Дlасалела адамаш дукха дара цигахь. Царна
юккъе нисвелча, со тилаваларна кхоьрура со,
Ненах дlакъастарна кхоьрура. Тlаккха ненан
кlеда куьг схьалаьца а ца lебаш, цуьнан кучах
тасалора. Нана таккха соьга а хьожий, елалора,
И елаелча, цуьнан кьегачу бlаргийн.. зlaьнарша со шайна чохь лийчавора. Цара сан дагах гилгаш дохура....
Тlаккха ac иза мараюллура. Доггаха, Кьовллий ....
Тхойшиъ базара кхаьчча, цо суна марожни ийцира.
Цу хенахь иза кехатан стаканаш чохь
хуьлура, дечиган жима lайг а болуш.
Цхьана куьйга морожни, ткъа вукху куьйга
lайг лаьцча, ненан куьг дlахеца дийзира сан.
Нана, кест-кестта «тlаьхьа ма висалахь» олуш,
хьалха йоьдуш яра. Ткьа со берриге тидам
морожни тlе а боьгlна, наг-наггахь ненах бlаьрг а тухуш, цунна тlаьхьа гlерташ вара.
Стакан чу Іайг Іуьттуш, кхин хьалахьажар а
доцуш, гlеххьа некъ бира ас. Сан кхин тидам а
боцуш, нана цхьаьна нехан кех чухьаьвзина
хиллера. Таккха, цlаьхьана хьалахаьжча, суна нана ца гира. Дехьа а, сехьа а хьаьжира со. Хьалха а, тlехьа а хьаьжира...
Нанна яцара....
Сан дог, хьалаэккха гlерташ санна, тохаделира.
Соьца бала а боцуш, дlасалелаш адам дара,
ткъа нана гуш яцара.
Дукха холчахlоьттина, йишйоьхна, со велха
волавелира. Сан тидам а хилла, цхьа милцо
веара суна тlе.
-Хьо хlунда воьлху?
Хьуна xlун хилла? -
хаттира цо, сан коьрта тlе куьг а хьокхуш,
-Сан нана яйна! - ахlи-декъехь воьлхура со.
-Цlера стенгара ву хьо? - хоьттура милцочо.
-Мартантlера ву-кх, - велхаран къурдаш дора ас
-Велха ма велха. Вай хlинцца хьан нана схьалохур ю, - дlасахьежа волавелира и.
Цуьнан дешнаша синтем а бина, со
воьлхучуьра сецира. ЦІеххьана дlахьаьжначу
суна сайн нана гира. Мох санна со волчу агlор хьаьдда йогlуш яра иза. Дерриге дуьне серладелира суна!
Нанна дуьхьал хьаьдира со.
Цунна тlекхачча, къевллина цуьнан куьг схьалецира ас. Кхин дlа ца хеца...

Магомадов Абу.
Читать далее
18.12.2024
2
maryam_22 хасавюрт базар яхч хилар са и страх
Читать все 1 комментарий

Скачивайте и присоединяйтесь.
3 млн мам уже здесь!